АЛЛАХIА АДАМ ЗЕР

Ответить
admin
Администратор
Сообщения: 1221
Зарегистрирован: 02 сен 2014 01:20
Контактная информация:

АЛЛАХIА АДАМ ЗЕР

Сообщение admin »

Сийлахь волчу АллахIа аьлла шен сийлахьчу Къуранчохь: «Алиф, лам, мийм, Нахана моьтту оха шаьш Iад дуьтур ду зер а доцуш? шаьш ийман дуьллу аьлчхьана, царел хьалхарниш а зийна оха ( дикнашца а, баланашца а ) АллахIана хаархьамма ( ша гучадаккхархьамма ) бакълуьриш берш муьлхарш бу ( шайн ийманехь ) хаархьамма ( ша гучадаккхархьамма ) харц луьриш берш а муьлхарш бу ( шаьш ийман диллин бохуш )». Сурат «Iанкабут» 1-3 айат.

Сийлахь волчу АллахIа боху шен сийлахьчу Къуранчохь: «Нахлахь ву АллахIана Iибадат дешверг шекон тIехь волуш ( ислам нийс ду те, йа дац те бохуш ойла кхерсташ а волуш ), амма шега ( цхьа ) дика хIума кхаьчначу хенахь синтеме хуьлу иза цуьнца ( хIа, хIар ислам дин башха гIо хIума дац олий реза хуьлу иза динна ), амма шега фитна кхаьччи ( бала беъчи, даьхни дIа далар санна, йа цамгар хьакха яларе терра, иштта муьлхха а хало шеха Iот елчи) ше юьхье воьрзу иза ( ислам динах дIа воьрзу иза шен керстаналле, шен жохIлалле а, реза воцуш кху ислам динна ), шен дуьне а дакъазa дели цуьнан ( дуьненахь сийсаз валарца а, динчуьра ара а ваьлла ), эхарт а ( иштта дакъаза дели цуьна, эхартахь ша йинчу Iамалах мел карор бац цунна, ше динах дуьненахь дIавалар бахьан долуш ) и ду-кха иза билггала дакъазвалар». Сурат «Аль-Хьадж» - 11 айат.

АллахIа адам зуьш ду бес бесара хIуманашца АллахIа ма алларa хьалха вай дешначу аятехь ( шуна моьтту шаьш Iад дуьтур ду, зер а доцуш ) бохуш долчу, вай деккъа цхьа лаилахIа иллаллахI аьлла, тхо бусулба ду аларх Iад дуьтур ду моьту шун зе а ца зуьйш? дер дац, АллахIа зуьйр ма ду вай моссо а агIор, АллахIа шена хаар хьамма зуьш ду вай, мадарра аьлчи АллахIана-ма вай ца зийчи а хаа вай муьлш ду, делахь а вайна гуча доккху Цо вовшашна а вай бакъ луьйш ду дац хьажа, тхо бусулба ду вай аларна.

И зер АллахIа хIоттийна кхел ю хийца а лур йоцуш, цундела АллахIа боху шен элчане а, цуьнан асхьбашка a дIа хоуьйтуш, Къуранчохь:

«Шуна моьтту шаьш ялсамана чугIур ду, шул хьалхарчара хьегнарг шаьш хьегар a доцуш? ( цаьрга санна шуьга а халонш кхочуш а йоцуш ) халонаш а, зенаш а хьакхлора царех ( къоьлла а, цамгарш а ). ДогIмаш а, синош а дегийра цера ( шайга кхаьчначу халонна ) цера элчано а, цуьнца ийман диллинчара а аллалца: <<маца кхочур ду те АллахIер орца?>>. Бакъ ду, хуучунна хаийла АллахIан орца гергахь хилар». Сурат «Аль-Бакъара» -214 айат.

Шен пайхамараш а, Шен авлийааш а дала зуьш хилчахь баланашца, вайха цхьаьнга бала а, хало а кхаьччи, вай хила деза собаре, дела кхеланна реза хуьлуш.

Вай зер стенах тер ду аьлча <<масала, деши лаьттах ша схьа даькхинчу хенахь, цуьнца мода а, кхин йолу нехаш а хуьлу, амма иза кхе a диллина, 5000 градус йовхо йолучу пешахь лалийчa, мода а, нех а цунах дIа йолу. Ткъа деши ша мадарра цIена а долуш буха дуьсу, кхи а чIогIа лепар долуш тоьлла деши хуьлу цуьнах.

Оцу кеппара вай зуьйш йолу хало оцу цIаре тера ю, вай ваьшна йинчу кхелана реза хилахь, цIенчу дешех тера ду вай, амма реза ца хилахь, цуьнан моданах тера хуьлу вай.

АллахIа шен къинхетам бойла вайха, амин.

хьехам кечбинарг Салахьан кIант Шоип
Ответить

Вернуться в «Статьи»