БАКЪ БЕЗАМ

Ответить
admin
Администратор
Сообщения: 1221
Зарегистрирован: 02 сен 2014 01:20
Контактная информация:

БАКЪ БЕЗАМ

Сообщение admin »

АллахIан авлийаэх а, Цунна безачех а хила, сан бусулба ваша, сан бусулба йиша! Ирс долуш а, декъала хиларан а дуьхьа. Шеко йоцуш ирс долчех а, ирсе верг а, шен уггар лекха Iалашо а, беза лаам а АллахI везар динарг ву хьуна. Ма хаза ду Цуьнан дош: «Цунна уьш а беза, царна Иза а веза» - бохуш дерг. Царех цхьамма аьлла: Тамашийна дац «Царна Иза а веза» бохург. Амма тамашийна ду «Цунна уьш а беза» бохург . ХIунда аьлча, уьш кхоьллинарг И ву, царна рицкъа делларг И ву, уьш Iалашбийриг И ву, царна лушверг И ву, тIаккха уьш цул тIаьхьа беза а беза. Цунна: «Мухьаммад», ахь ала, шу баккъалла а АллахI везаш делахь, суна тIаьхьадуьйла, АллахIана дезар душу». Абу-ТIалиба кIентан Iалийн дикалле хьажал, цуьна коьртахь таж ю и: «АллахI а, Цуьнан элча а везаш стаг ву и, АллахIана а, Цуьнан элчанна а везаш а ву и».

Асхьабех цхьана стагана /قل هو الله أحد / аьлла долалуш долу сурат дезаш хилла, «Ахь ала, (Мухьаммад) АллахI Ша саннарг кхин воцуш верг ву». / الله الصمد / «АллахI даим хьашташкахь лоьхуш, оьшуш, воцуш йиш йоцург ву». /لم يلد ولم يولد / «Цуьнан доьзалхо вац, цуьнца цуьна цхьатайпаналла ца хиларна, Иза дех-ненах вина вац, схьавалар цуьнгахь доцун дела». /ولم يكن له كفوا احد / «Цуьнга нийса цхьа а вац».

Цундела массо ракьIатехь доьшуш хилла цо и. И дагадеъча я и дешча кхетам чуьра вала герга воьдуш хилла и. И дешарха Iебаш ца хилла и. Цуьнца, и дешарца шен дог дашош хилла цо. Цуьнца шен дог меттах доккхуш хилла цо. Пайхамара аьлла цуьнга - IалайхIис-салам! «Хьуна и дезаро йалсамана вахийтина хьо!» Лайла езарна хьер ваьлларг, зуда езаро вийна. Къарун бахамо, даьхнийно вийна. ПирIун дарж, куьгалла дезаро вийна. Элчана-IалайхIис-салам, шича ДжаIфар, цуьнан де ваша Хьамзат, цуьнан сахьабий (накъост) Хьанзала, АллахI а, Элча а везарна белла. Ма йоккха юкъ ю оцу шина тобанна юкъахь!

Шун бусулба ваша ИбрахIим
Ответить

Вернуться в «Статьи»