ГIАЗОТЕ ШОВКЪ

Ответить
admin
Администратор
Сообщения: 1221
Зарегистрирован: 02 сен 2014 01:20
Контактная информация:

ГIАЗОТЕ ШОВКЪ

Сообщение admin »

Хастам бу АллахIана, Иза хеставо вай, Цуьнгара гIо доьху вай, Цуьнга гечдар доьху вай.

Ваьш лардар а доьху вай АллахIе - вайгахь долчу вочу хIуманех а, вайца долчу вочу гIуллакхех а.

АллахIа нисвинарг цхьаьнгге галваккхалур вац, Цо галваьккхинарг цхьаьнгге нислур а вац.

Аса тоьшалла до: АллахI воцург кхин дела вац, Ша цхьаъ волуш, Шеца накъост а воцуш.

Аса юха а тоьшалла до: Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Цуьнан лай а, элча а хиларца.

Цул тIаьхьа.

Сийлахь волчу АллахIа боху:

يَـآاَيُّهَا الَّذِينَ اَمَنُوا اتِّقُوا اللهَ حَقِّ تُقَاتِهِ وَلاَ تَمُوتُنَّ إِلاَّ وَ أَنْتُمْ مُسْلِمُونَ. / 3:102 /

«ХIай иман диллинарш! Шу кхоьрийла АллахIах, кхера ма-деззара, шу дала ма лойла бусалбанаш долуш бен» (3: 102).

Сийлахь волчу АллахIа боху:

(يَـآاَيُّهَاالنَاسُ اتَّقُوا رَبَّكُمُ الَّذِى خَلَقَكُمْ مِنْ نَفْسٍ وَاحِدَةٍ وَخَلَقَ مِنْهَا زَوْجَهَا وَبَثَّ مِنْهُمَا رِجَالاً كَثِيرًا وَنِسَآءً وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي تَسَآءَلُونَ بِهِ وَالْأَرْحَامَ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَيْكُمْ رَقِيبا). 4: 1.

«ХIай нах! Шайн Делах кхера, цхьана дегIах шу кхоьллина волчу, цуьнах цунна зуда кхоьллинчу а, цу шиннах дуккха а зударий, стегарий кхоьллина (уьш баржийначу а). АллахIах кхера, Цуьнан цIарца аша вовшашка хIума доьхуш волчу, гергарлонаш хедохорах а кхера. Баккъалла а, АллахI шун терго еш ву» (4: 1).

Сийлахь волчу АллахIа боху:

(يَـآاَيُّهَاالَّذِينَ اَمَنُوا اتَّقُوااللهَ وَقُولُوا قَوْلاً سَدِيدًا. يُصْلِحْ لَكُمْ اَعْمَالَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ وَمَنْ يُطِعِ اللهَ وَرَسُولَهُ فَقَدْ فَازَ فَوْزًا عَظِيمًا). الأحزاب: 70-71.

«ХIай иман диллинарш! АллахIах кхера, нийса дош а ала, шун Iамалш тоян а, шун къиношна гечдан а. АллахIана а, Цуьнан элчанна а муьтIахь хилларг декъала хилла доккхачу декъалаллица» («Ахьзаб»: 70-71).

АллахIа боху вайга: бусалба а хила, бусалба долуш Шена дуьхьал а дуьйла.

Вай, инша АллахI, буьйцур бу, кху дуьненчохь церан къахьега дезахь а, халонаш лан езахь а, баланаш лан безахь а, амма царна чуьра са арадаьллачул тIаьхьа, кошан Iазап доцуш, цу чохь барт-хаттар а доцуш, цхьа хьесап а доцуш, АллахIана улле ваха уггаре гIолехь болу некъ. Иза джихIадан некъ бу, хьайн дегIаца а, даьхница а деш долчу.

Хастам АллахIана бу-кха, Iаламаш кхобуш а, кхиош а волчу.

АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда Делах кхийриначеран имам волчу а, муджахIидийн амир волчу а Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, динан байракх яржийна болчу цуьнан асхьабашна а, джихIад а деш, АллахIан дош толон тIом а беш, умматах дIабаханчу берриге бусалбанашна а. Ерриге хенашкахь а, заманашкахь а оцу новкъа царна тIаьхьа богIу болчу массарна а хуьлда.

Цул тIаьхьа.

ХIара боцца хьехам - джихIад дитаран хьокъехь бу.

АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:

(يَـآ اَيُّهَا الَّذِينَ اَمَنُوا مَالَكُمْ إِذَاقِيلَ لَكُمُ انْفِرُوافِي سَبِيلِ اللهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الأَرْضِ. أَرَضِيتُمْ بِالْحَيَوةِ الدُّنْيَا مِنَ اْلأَخِرَةِ. فَمَا مَتَاعُ الْحَيَوةِ الدُنْيَا فِى الاَخِرَةِ إِلأَّ قَلِيلٌ. إِلاَّ تَنْفِرُوا يُعَذِِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا وَيَسْتَبْدِلْ قَوْمًا غَيرَكُمْ وَلاَتَضُرُّوهُ شَيْئًا وَالَّلهُ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ). التوبة: 38-39

«ХIай иман диллинарш! ХIун хилла шуна? Шуьга аьлча: АллахIан новкъахь (джихIаде) арадовла, латтане дирзи шу, шу реза хили дуьненан дахарна, эхартана доцуш (эхартан дахарна реза доцуш). Дуьненан дахарх пайда ма бац эхартана (пайдане дилча) кIеззиг бен. Шу ара ца довлахь (джихIаде), Цо шуна лур ма ду лазош долу Iазап, шух хийцина кхин къам а кхуллур ма ду, аша Цунна цхьа а зен дийр ма дац. АллахI доллучу хIуманна ницкъ кхочуш ву» («Товбат»: 38-39).

Имам Къуртубийс боху:

«ХIара чIогIа лер а, бехкбаккхар а, Iазап кхайкхор а ду джихIад Iадда дитарна. ХIара тIехтохам бу джихIаде араваларехь сихо ца ярна».

(اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الأَرْضِ)

«Латтане дирзи шу» бохучу оцу аятан маьIна ду, лаьттара шайна схьахуьлуш долчу диканех хада ца лаьа шуна, я лаьтта тIехь Iер-дахар дезаделла шуна бохург.

АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:

(فَرِحَ الْمُخَلَّفُونَ بِمَقْعَدِهِمْ خِلاَفَ رَسُولِ اللهِ وَ كَرِهُواَنْ يُجَاهِدُوا بِاَمْوَالِهِمْ وَاَنْفُسِهِمْ فِى سَبِيلِ اللهِ وَقَالُوا لاَتَنْفِرُوا فِى الْحَرِّ قُلْ نَارُ جَهَنَّمَ أَشَدُّ حَرًّا لَوْ كَانُوا يَفْقَهُونَ. فَلْيَضْحَكُوا قَلِيلاً وَلْيَبْكُوا كثِيرًا جَزَآءً بِمَا كَانُواْيَكْسِبُونَ. فَاِنْ رَجَعَكَ اللهُ إِلَى طَآئِفةٍ مِنْهُمْ فَاسْتَئْذَنُوكَ َلِلْخُرُوجِ فَقُل لَنْ تَخْرُجُوا مَعِىَ أَبَدًا وَلَنْ تُقَاتِلُوا مَعِىَ عَدُوًًّا إِنَّكُمْ رَضِيتُمْ بِالْقُعُودِ أَوَّلَ مَرَّةٍ فَاقْعُدُوا مَعَ الْخَالِفِينَ وَلاَ تُصَلِّ عَلَى أَحَدٍ مِنْهُمْ مَاتَ أَبَدًا وَلاَتَقُمْ عَلَى قَبْرِهِ إِنَّهُنْ كَفَرُوا بِاللهِ وَرَسُولِهِ وَ مَاتُوا وَهُمْ فَاسِقُونَ). التوبة: 81-83

«ГIадбахана самукъаделира джихIаде цабаханачеран, шаьш цIахь биссарна. Делан элча вацара (гIадвахана, уьш санна самукъадаьлла, я цIахь висна а), царна ца дийзира шайн даьхнешца а, догIмашца а Делан новкъахь джихIад дар. Ткъа цара элира: «Ара ма довла (джихIаде) кху йовхонехь». Ала (цаьрга, хIай Мухьаммад) жоьжагIатин цIе цул тIех чIогIа йовха ю, уьш белара кхеташ. Ткъа шу кIеззиг дела, дуккха а делха. Бекхам бу цара деш хиллачунна. Ткъа хьо, АллахIа царах цхьана тобанах тохахь, цара хьоьга арабовла пурба а дехахь (джихIаде бахка), ткъа ахьа ала цаьрга: «Довлане ара ма довла соьца цкъа а. Аша я банне тIом а ма бе соьца цкъа а хIетте мостагIчуьнца. Шу дуьххьара а реза хилира ара ца довла (джихIаде), шу цIахь Iе Iашболчаьрца. Ахьа ламаз ма де (хIай пайхамар) царах веллачуна цхьанне цкъа, цуьнан коша тIе ма хIотта. Цара керстаналла дина АллахIаца а, Цуьнан элчанца а, уьш бала а белла шаьш песикъаш болуш» («Товбат»: 81-83).

Хьажахь, ткъа, сан ваша, Дала хьоьх къинхетам барг, хIокху кхайкхочу чIогIачу Iазапе, йоккхачу сийсазлоне, лазамечу балане, хIаллаквечу сингаттаме - джихIаде ара ца ваьллачунна, цIахь хиъна Iийначунна, оцу некъана рицкъа хьажо ца лиъначунна.

ХIара аяташ, шайн диссар билггал цхьана къоман а, нехан а хьокъехь делахь, цаьргахь ирча а, буьрса а кхерам гайтар ду, цу къомо а, наха а динчух тераниг динчу массарна, важиб долчу джихIаде ара ца бевллачу массарна.

Iумаран кIанта, АллахI реза хуьлда цуна, аьлла, Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:

«Аша вовшашца (Iайнат) мехаш беш, хьайбанийн цIоганашна тIаьхьа а хIиттина, ялтина реза а хилла, джихIад дитахь, АллахIа шуна тIе сийсазалла тосур ю, и шуна т1ера дIа а йоккхур яц, шу шайн дине дерззалц» (Абу-Давудас дийцина).

Оцу хьадисан маьIна ду: нах, джихIад а дитина, ялтина я муьлхха а кхиболчу дуьненан бахамна тIеберзахь, мостагI царна коча вогIур ву, и таса а лур ву царах, уьш цунна кийча цахиларна, шаьш дIахьош долчу дуьне лехаран некъашна уьш реза хиларна, цара мостагI вухатохарна кечам бар дитарна. Цундела цаьрга кхача хьакъ ерг сийсазалла ю. Уьш оцу сийсазаллех хьалха бевр бац шайна тIехь долчу джихIаде арабовллалц, дин дIа а хIоттош, Исламан гIоьнчий а хуьлуш, АллахIан дош а айдеш, керстане, цунан охIлане сийсазалла а йоссош.

«Шай дине дерззалц» бохучу элчанан, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, дашо гойту, джихIад дитар, дуьненах синтем а хилла, дуьненна тIеверзар - динах валаре верзар а, Исламах дIакъастаре верзар а хилар. Цу тIе кхин оьшуш хIуммаъ дац сийсаз хила а, къа хила а.

Анас бин Маликас, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла, Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:

«АллахIан новкъахь (джихIадехь) цкъа гIазот дина верг кхочуш дина ву дерриге АллахIана муьтIахь хилар».

Сийлахь волчу АллахIа боху:

(فَمَنْ شَآءَ فَلْيُؤْمِنْ وَمَنْ شَآءَ فَلْيَكْفُرْ إِنَّآ اَعْتَدْنَا لِلظَّالِمِينَ نَارًا اَحَاطَ بِهِمْ سُرَادِقُهَا). الكهف: 29

«Ткъа луург тоьшийла, луучо керстаналла дойла, баккъалла, зуламхошна Оха кечйина цIе (жоьжагIати)» («КахIф»: 29).

Анаса аьлла:

«Цхьамма хаьттира: «ХIай Делан элча, хIара хьадис хьоьгара хезначул тIаьхьа, мила хир ву, джихIад а дитина, охьа хуун верг?». Цо аьлла: «(ДжихIад а дитина, цунна ара а ца волуш Iийр ву) АллахIа шена неIалт аьлларг, Иза шена оьгIазвахнарг, Цо шена инзаре доккха Iазап кечдинарг. ТIаьхьарчу заманахь цхьа къам (нах) хир ду, джихIад (зама) хилар ца хеташ. Сан Далла, Шена гергахь чIагIо йина тIелаьцна, Ша и йохонне а йохор йоцуш. Муьлхха а лай велахь, Цунна дуьхьал кхетта волу, шена хетарг иза а долуш, цунна Iазап далар, и тайпана Iазап Iаламашха цхьанне лур доцуш (Ша мел кхоьллинчу садолчу хIуманна цхьанне)».

Хьадис далийна ибну Iасакира.

Абу-Бакар ас-Сиддикъа, АллахI реза хуьлда цунна, элира аьлла дийцина:

«Цо нахана хутIба дешна, Делан элча, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, кхелхина шо кхаьчначул тIаьхьа. Ткъа хьалагIаьттира иза, бIаьргех дуьйлуш хиш а долуш. ТIаккха элира цо: «ХIай нах! Баккъалла, суна Делан элчано хьалхарчу шарахь, хIокху баттахь, хIокху минбар тIехь олуш хезна: «Къомо дитина ма дац АллахIан новкъахь деш долу джихIад, АллахIа уьш сийсаз хулуьйтуш бен. Къомо дитина ма дац диканиг де алар, вониг дита алар, АллахIа царна массарна Iазап кхачош бен (дика верг я вон верг цхьа юкъах а ца вуьтуш)».

И дийцина «Шифаъ ас-Судур» жайнахь.

ТIабараничо изза дийцна, амма доцца, «Хьасан» йолчу иснадаца, цо аьлла:

«Къомо джихIад дитина дац, АллахIа Iазап царна массарна кхочуьйтуш бен».

Ибну Iасакирас далийна, шен иснад Муджалидаха ШаIабеха йолу, цо аьлла:

«Абу-Бакар, АллахI реза хуьлда цунна, халиф вина дIахоттош, цуьнца байIат дича, минбар тIе а ваьлла, и хьадис а дийцина, тIаккха аьлла цо цуьнан хьокъехь: «АллахIан новкъахь деш долу джихIад къомо дуьтура ма дац, АллахIа царна тIе къелла йоссош бен».

Ткъа нагахь ахьа соьга бахахь: «Тхуна нах ма бу гуш, джихIад Iадда а дитина, ткъа царна юкъахь дуккха а бехаш берш а, хьоладай а ма бу».

Цунна жоп ду хьуна: «Баккъал болу бахам - иза бух болчу хьадисехь билгал бинарг бу.

Абу ХIурайрата дийцина, АллахI реза хуьлда цунна, пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:

«Хьал долуш хилар дац даьхний дукха хилар. Бакъдолуш, хьал хилар - синан паргIат хилар ду».

Вайна нахера схьагушдерг, уьш джихIадах а, хIонсах а дIабирзичахьана, рицкъа даккхарна уьш тIебирзичахьана, тайп-тайпанарчу некъашкахула, хьанал я хьарам ца къастош, дуьне гулдан боьлчахьана, АллахIа царна тIетесна деган къоьлла а, саьхьаралла а, бIаьрмецигалла а ю.

Ткъа цара дIа ца луш духатоьхна шайна тIехь важиб долу хьаккъаш. Цара гулдан долийна дукха хьарам даьхний.

Хьуна царах наггахь бен карор вац, сийсазалло ша эшийна верг бен, иза - шена рицкъа шен хьуьнарца тIедогIу моьттуш верг ву. И шех даларна кхераро, и сов хиларе сатийсаро лай вина лаьцна иза.

Иза вехаш велахьара хир вацара даьхнийн лай. Лайн хьоле вирзинарг нийса дац вехаш ву алар.

Схьагуш лаьтташ цуьнан бахам белахь а, кийра буьззина йолчу къелло лай вина хьийзаво иза. ТIехь гуш долчу куц-кепо сийлахь гойтуш велахь а, цуьнан дог ду сийсазалло голаьцна. Шелвелла стаг кетарх хьаьрчина дIатерах терра, там хилла тийна Iаш ю цуьнан дагчохь сийсазалла.

Шен карахь долчу туьрца рицкъа доккхуш волчу къонахчуьнгахь дац цуьнах тера цхьа а хIума я цуьнан куьцаьшха цхьа куц а. ХIунда аьлча, цуьнан рицкъа - хIонсах ду, туьрца схьаэцна ду. Иштта даьккхина долу рицкъа схьадеха я схьадаккха вац цхьа а.

ХIонс, цхьа шеко йоцуш, хьанал рицкъа хиларо дог серладаьккхина, оцу серлоно лелхийна цуьнан дагчуьра саьхьараллин а, бIаьрмецигаллин а боданаш.

ХIонсан да, схьагуш долчу шен куц-кепехь къен гуш велахь а - цуьнан кийра бу бахамах буьззина, гуш сийсаза велахь а - сийлаллех дуьззина ду цуьнан дог, АллахIа, Лекха ву Иза, церан куьцаш иштта дийцина ма-хиллара:

(مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللهِ وَالَّذِينَ مَعَهُ أَشِدَّآءُ عَلَى الْكُفَّارِ رُحَمَآءُ بَيْنَهُمْ تَرَاهُمْ رُكَّعًا سُجَّدًا يَبْتَغُونَ فَضْلاً مِنَ اللهِ وَ رِضْوَنًا). الفتح: 29

«Мухьаммад - АллахIан элча ву, цунна тIаьхьа хIиттинарш луьра бу керстанца, вовшашца къинхетаме бу. Уьш бу рукуIехь а, суджудехь а Цуьнгара гIо дезаш, Иза реза ван лууш» («ал-Фатхьи»: 29).

Ткъа ша доккхуш долу рицкъа шеконаш йолуш верг, сов даккхаре сатийсаро халкъана хьалха сийсаз винарг, шен куц-сибат сийлахь болчу нехан санна долуш велахь а, цуьнан кийра буьзна хуьлу тайп-тайпанарчу сийсазлонашца.

Гуш вехаш велахь а, цуьнан даг чохь ю къоьлла а, саьхьарло а, сутаралла а, бIаьрмецигалла а.

Сийсаз белхаш ца Iа сийсаз гIиллакхаш дIакховдонза а, сийсазчу амалашка верзонза а.

(وَاللهُ يَهْدِى مَنْ يَشَآءُ إِلَى صِرَطٍ مُّسْتَقِيمٍ). البقرة: 213

«АллахIа нисво нийсачу новкъа, Шена лиънарг» («Бакъарат»: 213).

Iелин, АллахI реза хуьлда цунна, дийцарехь ду, цо элира аьлла:

«АллахIан дуьхьа деш долу джихIад ялсаманин неIаршха цхьа неI ю, АллахIан новкъахь ден джихIад дитина волчунна АллахIа тIейохьур ю сийсазалла, иза балано а лоцур ву, иштта кегийранаш а сийсаз бийр бу, йокъалла а яьржар ю, нийсо а дIаер ю».

«Шифаъ ас-судур» цIейолчу жайнера схьаэцна.

Иштта, оцу жайнахь дийцина, Асламан кIанта Зайда цуьнан дегара, элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:

«ДжихIад лаьттар ма ду, стиглара (догIанан) тIадам охьа мел богIу. Нахана тIе цхьа зама а йог1ур ма ю, оцу заманахь церан дешначу наха олуш: «ХIара яц джихIадан зама (олий)». Ткъа оцу замане ваьллачунна иза уггаре гIолехь йолу джихIадан зама ю шуна». Асхьабаша хаьттина: «ХIай Делан элча, и олуш верг хир ву техьа?». Цо элира: «Хир ву, АллахIан а, Цуьнан маликийн а, дерриге нехан а неIалт шена хилларг (цо эра ду иза)».

Абу-ХIурайратас, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла, Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:

«АллахIана дуьхьал вахнарг, джихIад (даран) лар (шена тIехь) йоцуш, иза АллахIана дуьхьал кхетар ву, цунна тIехь таммагIа долуш».

Аби-ХIурайратас, АллахI реза хуьлда цунна, аьлла, Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:

«Цхьаъ веллехь гIазот данза, я и дан нигат хиланза, цуьнан валар мунепикъаллин цхьа дакъа долуш хилла».

И хьадис дийцинарг Муслим а, Абу-Давуд а, ибну Маджат а ву, АллахI реза хуьлда царна.

Абу-Умамата дийцна, АллахI реза хуьлда цунна, пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла:

«ГIазот дина воцург, я гIазот дийриг кеч вина воцург, я гIазот деш волучуьнан доьзалан дика дола дина воцург, АллахIа цуьнга кхачор бу (къематде доссор ду) заманан бохам, къематде хIоттале хьалха».

Iабд ар-Раззакъас дийцина, СаIид бин Iабд ал-Iазизера, цо аьлла:

«Макхьулас олуш хезна суна: АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Цхьа а хIусаман охIла бац, шайх гIазот дийриг ара ца волуш болу, я гIазот дийриг кеч ца веш болу, я цуьнан доьзалан дика дола ца дина болу, АллахIа цаьрга бала кхочуьйтур болуш бен, церан Iожалла тIеяле хьалха».

Хьуна хаийла, хIай хьайна парз дина тIедиллинчу джихIадах дIахьийзаш верг.

Хьуна хаийла хIай, аьттонан а, нийсонан а некъашха хераваьлларг. Хьо новкъа ваьлла хьуна, АллахIа Шен къинхетамах эккхийнарг волчу новкъа. ВаллахIи, дIахаьдда ма ву хьо ирсе хиларх, хьайна дезачу хIумане а кхаьчна.

ТIекхуьуш велар-кха со, хIун бахьана ду-техьа хьо гIазотах юхаваьккхинарг?

ХIун бахьана ду-техьа турпалхой летачу майданашкахь хьо майрра ца хьуьйзуьйтург?

ХIун бахьана ду-техьа ахьа АллахIан новкъахь хьайн дегIаца а, даьхница а бIаьрмецигалла а, сутарло а яр?

Сатийсар, вахаре дог дохийла деха хилар бен дуй-техьа? Iожалла тIеярах кхерар бен дуй-техьа? Я хьайна безначарех валарна кхерар бен дуй-техьа? Доьзалах а, даьхнех а валарна кхерар бен дуй-техьа? Я нанас дена винчу вешех хада цалаар бен дуй-техьа? Я хьайх къахеташ, дог лозуш волчу гергарчух къаста цалаар бен дуй-техьа? Я сий долуш лелош волчу хьайн дех къастар цадезар бен дуй-техьа? Я деган доттагIчух а, куьцехь хаза йолчу хьайн зудчух къаста цалаар бен дуй-техьа? Наха бечу лерамах валарна кхерар бен дуй-техьа? Я ваьржина, воьхна леларх озавалар бен дуй-техьа? Я яккхийра йинчу гIишлонех-гIаланех къаста ца лаар бен дуй-техьа?

ХIун ду-техьа хьоьга ца диталуш дерг? Я IиндагIехь Iиллар дезна-техьа хьуна? Я хьайн тIедуху хазачу духарх воккхавево-техьа хьо? Я тайп-тайпанарчу мерзачу даарех валар дазделла-техьа хьуна?

Уьш доцурш, кхин бахьанаш хила йиш яц хьоьга джихIад ца дойтуш дерш! Уьш доцурш цхьа а хIума ма дац хьо джихIадах гена воккхуш дерг!

Ца хеза хьуна, вайн Делан АллахIан дош:

(يَـآاَيُّهَا الَّذِينَ اَمَنُوا مَالَكُمْ إِذَاقِيلَ لَكُمُ انْفِرُوا فِى سَبِيلِ اللهِ اثَّاقَلْتُمْ إِلَى الْاَرْضِ أَرَضِيتُمْ بِالْحَيَوةِ الدُّنْيَا مِنَ الْاَخِرَةِ فَمَا مَتَاعُ الْحَيَوةِ الدُّنْيَا فِى الْاَخِرَةِ إِلأَّ قَلِيلٌ). التوبة: 38

«ХIай иман диллинарш! ХIун хилла шуна? Шуьга аьлча: АллахIан новкъахь (джихIаде) арадовла, латтане дирзи шу, шу реза хили дуьненан дахарна, эхартана доцуш (эхартан дахарна реза доцуш). Дуьненан дахарх пайда ма бац эхартана (пайдане дилча) кIеззиг бен» («Товбат»: 38).

ЛадогIа, хьайна доьшуш долчу дог тешочу аяташка а, хьайна хьалха охьадаржочу къеггинчу хьадисашка а.

Ахьа, само а яй, дикка ладогIахь: бахьана муьлхарг ду-техьа хьо джихIадана араваларх сацийна дерг? ТIаккха хуур ду хьуна, джихIад дарх хьо сецош дерг цахилар хьалха вай дагардинчу бахьанех цхьаъ бен.

Сан ваша, дала жоп хьан дацахь, аса лур ду хьоьх жоп, ахьа тидам бай ладогIалахь.

Хьо джихIад дарах тIаьхьа сецорг ма дац - хьуна хьайн са дезар а, шайтIано хьо Iехийна хилар а бен, кхин цхьа а бахьана. Ахьа вехха вахаре туьйсуш долу са а, хьо хьайна тIеярна кхоьруш волу Iожалла а бен, хьо шех ларлуш долу валар бен, и хьуна тIекхочург хиларехь цхьа а шеко йоцуш долу.

АллахIах дуй ма буу аса: джихIад даро и дечеран хан кIеззиг ма ца йо, я цIахь Iачеран хан цIахь Iеро ях ма ца йо:

(وَلِكُلِّ اُمَّةٍ اَجَلٌ فَاِذَاجَآءَ اَجَلُهُمْ لاَيَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً وَلاَ يَسْتَقْدِمُونَ). الأعراف:34

«ХIора умматана (адамна, тоьхна) хан ю, ткъа и хан тIекхаьчча, уьш тIаьхьа тоттур ма бац сахьтанна я цул хьалха бохур бац» («АIраф»: 34).

(ولَنْ يُؤَخِّرَاللهُ نَفْسًا اِذَا جَآءَ اَجَلُهَا وَاللهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ). المنافقون: 11

«АллахIа данне са (дегI) хье долуьйтур дац, цуьнан хан тIекхаьчча, АллахI хууш ву аш дийриг» («Мунафикъ»: 11).

(كُلُّ نَفْسٍ ذَآئِقَةُالْمَوْتِ ثُمَّ اِلَيْنَا تُرْجَعُونَ). العنكبوت: 57

«ХIора сино валар Iовшур ду. Цул тIаьхьа Тхоьга дерзор ду шу» («Iанкабут»: 57).

Баккъалла, валаран халонан билгалонаш ю, цуьнан зерах чекхваланза хьо ца волуш. Са озоран хало инзаре чIогIа хала ю, ахьа Iовшанза ца йолуш.

Баккъалла, коша чохь дукха къиза Iазап ду, дикаллин ох1ла бен цуьнах хьалха ца долуш. Ткъа оцу чохь зерна къастийначу шина малекан барт хаттар ма ду.

Иштта болчу кхерамал тIаьхьа хьо хир ма ву ирс долучарех а, даима лаьттар долчу ниIматашкахь а. Я хир ву хьо, дакъаза ваьлла, жоьжагIатин Iазап хьоьгуш.

Амма! Амма шахIидах дерг аьлча, оцу берриге кхерамех паргIат хир ву иза, царах хьалхаваьлла хир ву иза, оцу Iазапех кхерар доцуш хир ву иза.

ЛадогIа, дика тидам а беш ладогIа, Делан элчанан дешнашка. Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:

«ШахIидана хаа ца ло кхалхаран лазор, мIара къовзоран лазорал башха».

ХIай сан ваша, хьо сецориг хIун ду-техьа, кху баьллачу аьттонах пайда ца оьцуш? Цул тIаьхьа хьо хьалха волуш а хилча кошан Iазапах, АллахIана уллерачу хазаллашка хьо кхочуш а хилча, барт-хаттаран, питанийн кхерамех хьо хьалха волуш а хилча, цул тIаьхьа йолчу ерригечу халонех а, берригечу кхерамех а хьалха волуш а хилча.

Ткъа шахIидех дерг аьлча, дийна бу уьш, шайн Дала шайна рицкъа а латтош. Царна ма бац кхерам а, уьш ма бац гIайгIане а, сингаттаме а.

Самукъанехь хир бу уьш АллахIа шайна йинчу комаьршаллина. Цига кхачаза болчарна кхаьънаш бохуш бу уьш, церан синош ма ду баьццарчу олхазарийн хардангаш чохь, уггаре лакхарчу ялсаманешкахь а бу уьш. Ма кIеззиг хIума оьшу-кха, ма-дукъа хIума ца оьшу-кха иштта сийлахь долчу кхалхарна а, лазош долчу валарна а юкъахь.

Ахьа бахахь: «Со джихIадах цIахь сецориг сан доьзал а, сан даьхний а, сан бераш а ду». Ткъа АллахIа, Лекха ву Иза, ма аьлла Шен билгалчу дашехь:

(وَمَآاَمْوَلُكُمْ وَلآاَوْلاَدُكُمْ بِالَّتِى تُقَرِّبُكُمْ عِنْدَنَا زُلْفَى). سبا: 37

«Шун бахамаш а я шун доьзал а ма бац шу Тхуна герга далорах герга далон дерг» («Сабаъ»: 37).

АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:

(زُيِّنَ لِلنَّاسِ حُبُّ الشَّهَوَاتِ مِنَ النِّسَآءِ وَالْبَنِينَ وَالْقَنَاطِيرِالْمُقَنْطَرَةِ مِنَ الذَّهَبِ وَالْفِضَّةِ والْخَيلِ الْمُسَوَّمَةِ وَاْلاَنْعَامِ وَالْحَرْثِ ذَلِكَ مَتَاعُ الحَيَوةِ الدُنْيَا وَالَّلهُ عِنْدَهُ حُسْنُ الْمَئَابِ). آل عمران: 14

«Нахана хаздина, даггара безам бахар - зударшка а, берашка а, дешига а, детига а, чот йоцчу бахаме а, хазачу говрашка а, хьайбанашка а, ялтане а. Иза хене вала дуьненан дахаран пайда бу, АллахI Шена гергахь уггаре хаза воьрзу меттиг йолуш ву» («Али-Iимран»: 14).

АллахIа, Лекха ву Иза, аьлла:

(اِعْلَمُوا اَنَّمَا الْحَيَوةُ الدُّنْيَا لَعِبٌ وَلَهْوٌ وَزِينَةٌ وَتَفَاخُرٌ بَيْنَكُمْ وَتَكَاثُرٌ فى الْاَمْوَالِ وَالْاَوْلاَدِ كَمَثَلِ غَيْثٍ أَعْجَبَ الْكُفَّارَ نَبَاتُهُ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَكُُونُ حُطَامًا وَفِى الْاَخِرَةِ عَذَابٌ شَدِيدٌ وَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللهِ وَرِضْوَانٌ وَمَا الْحَيَوةُ الدُّنْيَا اِلاَّ مَتَاعُ الْغُرُورِ). الحديد: 20

«Хаийла шуна, дуьненан дахар хилар - ловзар а, синкъерам а, хазалла а, вовшашлахь аша ден дозалла а, даьхнийн, доьзаллийн дукхалла къийсар а. ДогIах терра (ду иза), цуьнан ораматашха (кхиарех) керстанаш баккхийра бина долу, цул тIаьхьа и мархал лой, мажлой дIахIоьттина го хьуна, цул тIаьхьа цуьнах ча хуьлу, эхартахь а чIогIа таIзар ду. АллахIера гечдар а, резахилар а ду, дуьненан дахар дац тешам боцу пайда бен» («Хьадид»: 20 аят).

ХIай сан ваша! Цуьнах терра чулацам а, иштта маьIна а долу къеггина аяташ КъурIанан юьххьера чаккхене кхаччалц ду хьуна.

Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:

«Дуьне делахьара АллахIана гергахь чуьркан тIеман меха мукъане, керстанна малор ма бацара цу чуьра хин къурд».

Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:

«Шух цхьаьннан ше хиллал йолу ялсаманичуьра меттиг диках ю дуьненал а, оцу чохь мел долчу хIуманал а. АллахIан новкъахь вахар я вар диках ду дуьненал а, оцу чохь мел долчу хIуманал а. Ялсаманин охIланах йолчу йоьIан йовлакх диках ду дуьненал а, оцу чохь мел долчу хIуманал а».

Ткъа хьо вуха муха кхета иштта доккха долчу паччахьаллех? Доьзал бу хьо гIазот дарах сецориг, кIеззиг хан яьлча беллачарна юккъехь хир болу? Хьайна цаьргара даима хуьлуш халонаш, мостагIалла доллушехь а, лараме доцу гIиллакхаш цара хьайца лелошшехь а, ахьа шайна даза диссинчу диканашна хьоьца хьаьгIнаш лоьццушехь а, хьан бахам лахбелча хьо цара дIатоссушшехь а, хьелаш хийца ма делли церан хьоьх болу безам дIаболушшехь а.

Цул доккха а, цул тамаше а ду хьуна уьш эхартахь хьоьх уьдург хилар. Цул инзаре ду хьуна барт хоттучу махьшарахь цара жоп хьоьгара доьхург хилар, хьо кIел а вуьтуш, хьоьгара жоп дехарехь царах хIора ша-ша хьалха вала а гIерташ, шайна тIехь болу мохь а, къинош а хьан букъатIе дахка а гIерташ.

Хьо джихIад дарах муха сецор ву дIадала новкъа даьллачу хIумано, хьоьх дисса новкъа даьллачу хIумано?

Хьан даьхний кхачийча, хьоьх дIахедар бу хьан доттагIий, хьан доьзалш. Хьо волчу сих-сиха листина болу хьан накъостий хьоьх къехкар ма бу, и хьан бахам кхачийча.

Амма оцу бахамах барт эхартахь хьоьга бен хоттур-м бац. Хоттур ду хьоьга: ахьа мичахьара гулдинера и даьхний аьлла, ахьа мичахьа хьовзийра и даьхний аьлла. Ма доккха хир ду-кха и жоп дехар, ма дазлур ду-кха цу хаттарна жоп карор.

И жоп дехар хирдолуш ма ду кегийра бераш къежлучу дийнахь, баланаш, сингаттамаш сов бовлучу дийнахь, къовсам чIагIлучу дийнахь, гатто сов йолучу дийнахь, хIора нанас шен кIорни тергал ца ечу дийнахь, хIора нанас ша дакхош долу шен бер дIатосучу дийнахь, хIора берах йолчу хIумано шен гай чохь ерг охьатосучу дийнахь - оцу дийнахь хиллачу ницкъан хало бахьанехь. Зуламхой а, бохамхой а, хьоладай а шайн куьцашца билгал хир болчу дийнахь.

Къеснаша тIера а, когаш тIера а лаьцна хьесап дийр ду церан. Барт хоттур бу бахаман дай лаьттиначаьрга чкъуьйригах а, чкъурах а, йоккхачух а, жимачух а, эшначух а, юьзначух а.

Амма къечарах дерг дийцича, ялсаманичу гIур бу уьш бехачарал пхи бIе шо хьалха. Юуш а, молуш а, зовкх хьоьгуш а хир бу уьш маршонан хIусамашкахь.

Ткъа хьо? ХIай бахаман да, церан хьоле кхача йиш йоцуш сацийна хир ву хьо, ахьа гулбина бахамаш бахьана долуш. Кхоьруш хир ву хьо, жоьжагIатин неI ларъечу малико хьо оцу чу кхосса аьлла омра деш хазарна.

Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла Абу-ХIурайрате, АллахI реза хуьлда цунна:

«Схьаверза, аса дерриге дуьне гайта хьуна, оцу чохь мел долчу хIуманца». Аса элира: «Гайтахь, хIай Делан элча». ТIаккха цо, сан куьг схьа а лаьцна, Мадинатера боьранашха таьIна меттигера цхьана боьране валийна, цигахь кхелли яра, оцу юкъахь дара нехан кортош, нехаш, яхкаелла бехчалгаш, хьайбанийн даьIахкаш. Цо элира: «ХIай Абу-ХIурайра, хIара кортош хилла хьуна шайна дезаш (сутара), тахана шуна ма-деззара, сатуьйсуш хилла хьуна уьш, тахана аша са ма-тийссара, ткъа тахана даьIахкаш ю уьш, шайна тIехь дилха а доцуш. ХIокхул тIаьхьа царах хир бу чим (гIум). ХIара (хьуна гуш йолу) нехаш цара диина долу бес-бесара даарш ду, цара гулдина долу, шаьш гулдиначеран, цул тIаьхьа цара шайн гайшна чутийсина долу. Ткъа хIинца и дIахIоьттина, цуьнах тIехбовлучу хенахь, нах цуьнах (цуьнах йогIучу хьожанна) гена а буьйлуш. ХIара яхкаелла бехчалгаш, церан доьзаллийн духарш а, бедарш а хилла, хIинца дIахIиттина уьш, мохо дIа-схьа а хьоькхуш. ХIара даьIахкаш церан хьайбанийн даьIахкаш ю, царна тIехь уьш махкашкахула лелла йолу. Ткъа дуьненна воьлхуш верг хIинца велха». Цигара дIа-схьа ма ца девлира тхо, тхайн делхар чIагIдаллалц».

Хьуна дага веанехь хьайн сий долу доьзалхо-кIант. Цуьнах болу хьан къинхетам меттах баьллехь, къинхетамечу ден къинхетам меттах ма-баллара. Ткъа АллахI ву хьуна Ша бохуш:

(اِنَّمَآ اَمْوَالُكُمْ وَأَوْلاَدُكُمْ فِتْنَةٌ وَاللهُ عِنْدَهُ اَجْرٌ عَظِيمٌ). التغابن: 15

«Баккъалла, шун даьхний а, шун доьзалш а фитна (зер) ду шун, АллахI Шегахь доккха совгIат долуш ву» («ТагIабун»: 15 ).

ТаллахIи, дуй ма буу аса, АллахI сов къинхетаме ма ву бераца цуьнан дел-ненал а, цуьнан вешел а, цуьнан девешел а. Муха вац, цо и кхиийна хилча дас-нанас кхиол хьалха, Шен къинхетамца, ненан кийрарчу боданашкахь волуш.

Муха Iа хьо, ара ца волуш даима лаьттан долчу зовкх хьегаре, Сийлахь волчу АллахIана лулахо хиларе?

Хьайн бер жима делахь - хьо хуьлу цунна сингаттаме, и доккха делахь - хьо хуьлу цунна гIайгIане, иза могаш делахь - хьо хуьлу цунна хIума хиларна кхоьруш, иза могаш доцуш хилча - хьан дог детта долуьйту цунна гатдечу сино. Ахьа иза нисдахь дикане - оьгIаз доьду и хьуна, ахьа цунна хьехар дахь - хьагI лоцу цо хьоьца.

Цуьнгара даима схьахуьлуш вониг доллушехь - жима долуш ахьа сахьийзадо цунна. Доккхаллехь гIо эшна хьо цунна тIегIоьртича - хьоьха букъ бетташ дIахьийза иза. Ахьа комаьршалла йича - хьуна бIаьрмецигалла йо цо.

Ма доккха питана ду-кха иза, хьуна дика хетахь а. Ма бала бу-кха иза, хьуна ниIмат хетахь а. Хьайгахь боллучу сингаттамца - хьуна лаьа иза самукъане хилар, хьайн кийра совсийна лаьттачу гIайгIанца - хьуна лаьа иза доккхадедар. Амма ахьа хьоьга, хьо дан а гIерта хьай ницкъ кхочун боцург.

Дитахь иза (бер), хьайна ницкъ ца беш, иза а, хьо а Кхоьллиначунна тIебиллахь болх цунна рицкъа хилийтарехь, хьо цуьнах гена ваьлча хьайна хилийтина воллучунна. АллахIе дIалохьа иза Iалашдар. Хьо дуьненчохь волуш АллахIе дIа ца ло ахьа цунна доладар, хьо веллачул тIаьхьа хьан карахь ма дац цунна доладар а, и Iалашдар а, я кIеззиг а, я дукха а.

Дала боху:

(وَ لِلَّهِ مَافِى السَّمَوَتِ وَمَافِى الْأَرْضِ وَإِلَى اللهِ تُرْجَعُ الأمُورُ)

«АллахI да (паччахь) волуш ду стигланашкахь а, лаьттанашкахь а, оцу шинна юккъехь долу дерриг. АллахIе доьрзур ду дерриге гIуллакхаш».

ВаллахIи, хьан карахь ма дац, хьайна а я цунна а цхьана ченан гIамарал пайда бар, я мискъал зарратал зен дар. Цуьнан рицкъанах чкъуьйриг ма яц хьан карахь, я и денвар, я и валийтар ма дац хьан карахь.

ЦIеххьана цостур ву хьо хьан Iожалло, тIаккха суьйренга а вера ву хьуна хьо, хьайн кошачу охьаваржийна волуш. Хьан сийлахь кIант, хьол тIаьхьа бо а дуьссуш. Хьан верасо хьан даьхнех ирс а оьцур ду, хьоьх къахеташ хиллехь а, я хьан мостагI хиллехь а.

ДIа-схьа гIур бу хьан доьзал а, цхьаберш цIахь а, вуьш кхечу махкахь а баьржина. ТIаккха эра ма ду ахьа: «Со хилла велар-кха шахIидашца, ма инзаре ирсе хир вара-кх со».

ТIаккха жоп лур ду хьуна: «Ма генахь ду-кха иза, ма хиндоцург ду-кха иза» аьлла.

ДIадаьлларг дIадаьлла, дохковийларш совдийр ду хьан. Деккъа айхьа диначуьнца цхьаьна а вуьссур ву хьо, диканиш делахь а, вониш делахь а.

ЛадогIа, Гечдеш, Сийлахь волчу АллахIан Даше - хьо самавоккхуш долчу хьайн Iехаваларех, хьайн гIопал хиларех:

(يآ اَيُّهَاالنَّاسُ اتَّقُوارَبَّكُمْ وَاخْشَوْا يَوْمًا لاَيَجْزِى وَالِدٌ عَن وَلَدِهِ وَلاَمَوْلُودٌ هُوَ جَازِعَن وَالِدِهِ شَيْئًا اِنَّ وَعْدَ اللهِ حَقٌّ فَلاَ تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَوةُ الدُّنْيَا وَلاَ يَغُرَّنَّكُمْ بِاللهِ الْغُرُورُ). لقمان: 33

«ХIай нах! Кхерийша шайн Делах, дийнах а кхерийша, дас шен кIентан хIуммаъ метта хIоттон доцучу, я беро метта хIоттон доцучу шен ден хIуммаъ. Баккъалла, АллахIан ваIад бакъ ю; шу данне Iеха ма дойла дуьненан дахаро, Iехочо АллахIах Iеха ма дойла шу» («Лукъман»: 33 ).

Хьан кIант декъала хиллачех велахь, шуьшиъ цхьаьнакхетар ву ялсаманехь. Дакъаза бевллачех и велахь, хьо джихIаде аравалахь, АллахIа хьоьх ван мега шахIид, тIаккха хьан таро хир ю кIантана шапаIат дан. Цуьнах дуьненахь къастарца хьо хир ву къахьегна, и жоьжагIатах хьалхаваккха.

Сихо е хьо Iазапах хьалха воккхур волчу Iамале, къахьегарехь сов а вала цу тIехь.

Ткъа кхане йогIур ю: стаг шен вешех уьдуш, шен ненах уьдуш, шен дех уьдуш, шен зудчух уьдуш, шен берех уьдуш. Царах хIоранна ша динарг бен карор дац.

(يَوْمَ يَفِرُّ الْمَرْءُ مِنْ أَخِيهِ. وَاُمِّهِ وَأَبِيهِ. وَصَاحِبَتِهِ وَبَنِيهِ. لِكُلِّ امْرِئٍ مِنْهُمْ يَوْمَئِذٍ شَاْنٌ يُغْنِيهِ). عبس: 34-37

«Оцу дийнахь дIотосур ву стага шен ваша а, нана а, да а, зуда а, кIант а, царах хIора шен-шен гIайгIа сов яьлла хир ву» («Iабас»: 34-37).

Исбаьхьа хаза довзийтар а, Iаламат нийсачу новкъа ваккхар ма ду хIара хьекъал а, кхетам а болучунна.

(...وَاللهُ يَهْدِى مَنْ يَشَآءُ اِلَى صِرَطٍ مُسْتَقِيمٍ). البقرة: 213

«АллахIа нийсачу новкъа тIе нисво Шена луург» («Бакъарат»: 213).

Ахьа бахахь: «Хала ду суна къастар сайн вешех, сайн гергарачарех, сайн доттагIех, сайна безачарех». Дала боху хьоьга:

(اَلْاَخِلآَّءُ يَوْمَئِذٍ بَعْضُهُمْ لِبَعْضٍ عَدُوٌّ اِلاَّ الْمُتَّقِينَ). الزُّخرفْ: 67

«ДоттагIий оцу дийнахь вовшашна мостагIий хир бу, АллахIах кхийринарш боцурш» («Зухруф»: 67).

Шуьшинна юкъара доттагIалла АллахIан дуьхьа хиллехь, шуьшиъ ялсаманехь цхьаьнакхетар ву, цигарчу зовкхехь шуьшиъ даима лаьттар волуш.

Шуьшинна юкъара доттагIалла АллахIан дуьхьа дацахь, ма гIолехь ду-кха шуьшинна дIа-схьакъастар, вовшах валар, доттагIий доттагIашна мостагIий а хилла, гулбен де дале хьалха. ХIунда аьлча, хIора стаг эхартахь шена везначуьнца цхьаьна хир ву, цу шимма лоьхург цхьаъ хилла дела.

Ткъа Делах кхоьручарех уьш белахь - пайда бийр бу вежарша вовшашна, амма дакъаза бевллачарех уьш белахь - вовшашна зене бевр бу уьш.

Ма харжа хьайна вежарий - халонехь хьайна гонахьара дIабовлун берш, хьо гIалат ваьлча хьоьх хедан берш, самукъанехь вежарий, сингаттамехь мостагIий берш. ХIунда аьлча, церан хьоьца долу доттагIалла хьо вехаш хиларца дехкаделла ду.

Дала боху хьоьга:

(يَوْمَ لاَ يُغْنِى مَوْلًى عَنْ مَوْلًى شَيْئًا وَلاَ هُمْ يُنْصَرُونَ. إِلاَّ مَنْ رَحِمَ اللهُ اِنَّهُ هُوَالْعَزِيزُالرَّحِيمُ)

«Оцу дийнахь доттагIчо цхьанна хIуманах доттагI хьалха воккхур вац, я царна дан цхьа гIо а хир ма дац. АллахIа шайх къинхетам биначарна бен. Баккъалла, Иза Лекха а, Къинхетаме ву».

Лаца хьайна цIена доттагI - дош а лардеш, хьан бахаме а ца хьоьжуш волу. ТIаккха хир ву шуьшиъ кхана АллахIа бийциначаьрца.

ДжихIад дарах сеца ма войла хьо везачо а, гергарчо а, хIунда аьлча, шуьшиъ ца волу вовшах къастанза. ТIаккха вийр ву шуьшиъ дохко, дохко вийларо бан цхьа а пайда боцчу дийнахь.

Хьадисехь деана:

«Джабраил-малико, АллахIера маршо хуьлда цунна, аьлла пайхамаре, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна: «ХIай Мухьаммад! АллахIа боху хьоьга: «Ваха хьайна луъучул, ткъа хьо лийрволуш ву хьуна. Веза хьайн луъург, ткъа хьо цуьнах къаьстар волуш ву хьуна. Де хьайна луъург, ткъа хьуна бекхам хир бу цу тIера».

Ткъа ойла ехьа кIеззиг хIокху дешнийн шайн чулацаман: цхьаъ далахь - валар дагдаийтар долчу, шиъ далахь: безачарех къаста везаш хилар дага доуьйтуш долчу, кхоъ далахь - йиначу Iамалшна бекхам бийриг хилар само еш долчу.

Иштта тесначу кхерамал тIаьхьа буй-техьа кхин кхерам? Ба ма бац цул сов кхерам.

(وَاِنَّهُ لَتَذْكِرَةٌ لِلْمُتَّقِينَ)

«Баккъалла а, хьехам ма бу иза Делах кхоьручарна».

Нагахь ахьа бахахь: «Со гIазотана араваларх вухаветта сан карахь долчу даржо, наха суна бечу сий-ларамо». Ма тамашина ойла йо-кха ахьа.

И хьан дарж карахь хиллачарех хьуна тIекхаччалц ма дукха белла-кха, и дарж деза а дезаш. Хьол хьалха цуьнах IиндагI а дина Iийначеран ма дIадаьлла-кха и IиндагI, хьоьгара а ма дIадаьр ду-кха иза, цаьргара дIадаларе терра.

Хьан дог сингаттаме дирзина-кха, хьан дог хьогIане а, гIайгIане а дирзина-кха. Хьан дог дIахIоьттина шена тIехула сингаттаман шовда тIех а Iенаш.

Лаьттар ма дац хьуна хьоьгара дарж а, хьан долу сий-ларам а. Айхьа арабаьккхинчу новкъахь хьо ма вац лоьхуш Iазапах хьо хьалха воккхун долу некъаш.

Массарал тIаьхьа жоьжагIатара ара а ваькхина, ялсаманичу воьдучунна ялсаманера дарж хир ма ду дерриге дуьненан паччахьаллал доккха, цуьнца цхьаьна кхи иттазза сов а хир ду хьуна и.

ТIаккха муха хета хьуна массарел хьалха ялсамане боьлхучеран хьал, пайхамаршца а, сиддикъашца а, шахIидашца а, дикачаьрца а хинболчеран хьал а?

Ткъа ойла ехьа, хьайн даржехь дIахьуш хуьлуш йолчу халонийн а, хьайн кIадваларан а, оцу даржах эхартахь бала хирг хиларан а, и бахьанехь воьрзучу меттигехь Iазап сов лург хиларан а.

Ойла ехьа цкъа оцу даржехь хьайна гуллун болчу мостагIийн а, хьайца лоьцун йолчу хьаьгIнийн а, вовшашна хиндолчу лерийн а, вовшашна гIийбат дарийн а. ТIебогIу бахам лахбелча, хьуна хIуттун болчу сингаттамийн а, и хьайн карара даларна кхераро хьо гIайгIане латторан а.

ГIайгIане а, сингаттаме вийр ву хьо даржах воьхча - хьо даржехь волуш хьуна тIеоьхуш, хьайна барташ дохуш, гонаха хьийзина болу хьан гIуллакхахой хьайха дIаберзаро.

ЛадогIа, хьайн даржийн а, ялсамани чуьрчу даржийн а башхаллига. Хьадисехь дийцина ду:

«Ялсамани чохь догIур ду догдика малик, Сийлахь-воккхачу Делера кехат дахьаш. Цу тIехь хир ду яздина: «Леш воцучу дийначуьнгара, Лийра воцучу дийначуьнгара (ду хIара кехат), хIай Сан лай, Аса цхьана хIумане олу: «Хила!» - ткъа иза хуьлу. Хьуна а ло Аса, ахьа хIумане аьлча: «Хила!» - иза хир долуш» (ялсаманехь аьлларг хир долуш).

АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, аьлла:

«Баккъалла, ялсаманин охIланах уггаре лахарчу даржехь верг шен коьртехь лаьтташ пхийтта эзар гIуллаккхахой болуш хир ву, баккъалла, царах цхьаннан коьртарчу уггаре жимачу жовхIаран буьртиго нуьре йийр яра малхбален а, маохбузен а юкъ».

Тирмизийс а, ибну Хьиббанас шен «Сахьихь» жайнахь дийцина:

«Ялсаманин охIланах уггаре лахара (даржехь верг) шен кхузткъе эзар гIуллакхахо верг ву, кхузткъе шийтта зуда а. Четар дIахIоттор ду цунна жовхIарех а, зубаржадех а, алмазех а, Жабиятний, СанIаъний юкъ санна (доккха)».

(Жабият – Шемара юрт ю, СанIаъ – Маккара юрт ю).

ЛадогIа, Нуьцкъала а, Гечдеш а волучуьнан даше:

(وَسِيقَ الَّذِينَ اتَّقَوْا رَبَّهُمْ اِلَى الْجَنَّةِ زُمَرًا حَتَّى اِذَا جَآءُوهَا وَفُتِحَتْ اَبْوَابُهَا وَقَالَ لَهُمْ خَزَنَتُهَا سَلَامٌ عَلَيكُمْ طِبْتُمْ فَادْخُلُوهَا خَلِدِينَ. وَقَالُوا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِى صَدَقَنَا وَعْدَهُ وَ اَوْرَثَنَا الْأَرْضَ نَتَبَوَّاُ مِنَ الْجَنَّةِ حَيْثُ نَشَآءُ فَنِعْمَ اَجْرُالْعَامِلِينَ. وَتَرَى الْمَلَئِكَةَ حآفِّينَ مِنْ حَوْلَ الْعَرْشِ يُسَبِّحُونَ بِحَمْدِ رَبِّهِمْ وَقُضِىَ بَيْنَهُمْ بِالْحَقِّ وَقِيلَ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْْعَلَمِينَ). الزمر: 73

«Делах кхийринарш буьгур бу гулбина ялсамане. Уьш цига дIакхочуш, кевнаш дIа а диллина, хехь болучара эра ду: «Маршо хуьлда шуна, чу гIо даима шаьш хир долчу». ТIаккха эра ду цара: «Хастам бу АллахIана, Шен ваIад бакъйина волу тхуна хIара латта даларна». Царна гур ду маликаш Iаршана гонаха хевшина, шайн Далла хастам беш. Цара нийсонца сацам бина эра ду: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн Дела волчу». «Маликаш гIур ду массо неIаршкахула уьш болчу (цара эра ду): «Маршо-паргIато ю шуна аша динчу собарна, ткъа дика хили-кха тIаьхьенан хIусам» («Зумар»: 73).

ВаллахIи, и ма ду самукъа.

(لِمِثْلِ هَذَا فَلْيَعْمَلِ الْعَامِلُونَ). الصافات: 61

«И санна долучуна йойла-кха ечо Iамал» («Саффат»: 61).

Ахьа бахахь: «Суна хала а, деза а ду сайн гIаланех а, церан IиндагIех а къастар. Церан лакхаллех а, церан яран хазаллех а, оцу чохь болчу сайн лайх а, гIуллакхахойх а къастар». ЭхI, ма ойла яц ахьа йийриг. ЦIа бен дуй иза поппарах а, тIулгах а, лаьттах а, гIамарх а, эчигах а, дечигах а дина? Цу чу нуй ца хьаькхча, нехаш а гуллуш? Цу чохь чиркх ца латийча, бодане а хуьлуш? Цунна Iуналла деш ца хилча, тишлой дIа а долуш?

Дукха хан ялале латта хилла яьржира ю хьан хIусам. Оцу чуьра хьадалчаш а дIагIур бу хьан, и лаьттинчу меттиган сурт довр ду хьан, цуьнан цIе йицлур ю хьан.

ХIай Iехавелларг! Хийца сихха юхун йолу хьайн гIала даима лаьттар йолчу хIусамах - шен гIаланаш лекха йолуш, шен нуьраш къегина долуш, шена чохь лелаш татолаш долуш, шен стоьмаш уллохь болуш, самукъадийлар хедаш доцуш, шена чохь воккхавевар даима лаьтташ долуш.

Ахьа хеттахь цуьнан йоттарх лаьцна. Цхьа кибарчик дешиха йолуш, важа детиха йолуш ю хьуна и, шена чохь кIадвалар доцуш ю хьуна и, шена чохь ницкъ хилар доцуш ю хьуна и.

Ахьа хеттахь цуьнан латтанах лаьцна. Иза хьожа Iаламат хаза йолуш - миск ю хьуна.

Ахьа хеттахь оцу чохь долчу тIулгех лаьцна. Уьш жовхIараш а, деза бIаьргаш а ду хьуна.

Ахьа хеттахь оцу чохь долчу татолех лаьцна. Уьш шуьрийн татолаш ду хьуна, мезан татолаш ду хьуна, ковсаран татолаш ду хьуна, маларан татолаш ду хьуна.

Оцу чуьра хIусамаш, чекх са гуш, жовхIарах ю хьуна, кхузткъе итт милл лекха ю хьуна, мехала долчу баьццарчу тIулгах (изумрудах) йоьттина ю хьуна, сов тIех лепаш долчу, я цIечу якъутах йоьттина ю хьуна.

ХIора муъмин стаг шен чохь гIуллакхахой а, зударий а хир болуш ву хьуна, царна вовшашна гуш а боцуш, хIусамаш тIех шуьйра хиларна.

Оцу чуьрчу буьйшучу меттанех лаьцна дерг ахьа хеттахь. Церан чухленаш хир ю хьуна дезачу дарех. Ткъа тIохленаш муха хир ю аьлла хета хьуна? И меттанаш гена-генахь хир ду, шина меттан юкъаметтиг шовзткъа шеран некъ болуш. Уьш хир бац царна тIехь наб еш, я наб тийсар долуш, амма уьш хир бу вовшашна дуьхь-дуьхьала бирзина, дIатевжина самукъанехь Iаш.

(يَلْبَسُونَ مِنْ سُنْدُسٍ وَاِسْتَبْرَقٍ مُتَقَابِلِينَ. كَذَلِكَ وَ زَوَّجْنَاهُمْ بِحُورِ عِينٍ). الدخان: 53-54

«ТIедоьхна дари а, парчо а долуш, дуьхь-дуьхьал бирзина Iаш хир бу уьш. Иштта цхьаьнатоьхна Оха уьш, баккхийра бIаьргаш болчу хьурал Iийнашца» («Духан»: 53-54).

(وَأَقْبَلَ بَعْضُهُمْ عَلَى بَعْضٍ يَتَسَآءَلُونَ). الطور: 25

«Вовшашка хоьттуш хир бу» («ТIур»: 25).

Оцу чуьрчу даарех лаьцна ахьа хеттахь, цуьнан шаннаш дIахиттийна, охьадехкина хир ду хьуна, цуьнан даарш даима лаьтташ хир ду хьуна, цуьнан стоьмаш баарх ца кIордош хир бу хьуна, цуьнан стоьмаш цкъа а кхача ца беш хир бу хьуна, цуьнан стоьмаш кхоччуш хилла хир бу хьуна.

(يُطَافُ عَلَيهِمْ بِصِحَافٍ مِن ذَهَبٍ وَاَكْوَابٍ وَفِيهَا مَاتَشْتَهِيهِ الْأَنْفُسُ وَ تَلَذُّ الْاَعْيُنُ وَاَنْتُمْ فِيهَا خَلِدُونَ. وَ تِلْكَ الْجَنًّةُ الَّتِى اُورِثْتُمُوهَا بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ. لَكُمْ فِيهَا فَاكِهَةٌ كَثِيرَةٌ مِنْهَا تَأْكُلُونَ). الزخرف: 70-71

«Даарш кхоьхьур ду царна тIе дешин пхьегIаш а, кедаш а чохь, цу чохь хир ду синош мел хьаьгнарг а, бIаьргаша са мел теснарг а. Цу чохь даима хир ду шу. И ялсамни шуна елла аша диначу диканашна. Кхузахь шуна хир ду шортта стоьмаш, аша дуун долу» («Захруф»: 70-71).

(وَفَكِهَةٍ مِمَّا يَتَخَيَّرُونَ. وَلَحْمِ طَيْرٍ مِمَّا يَشْتَهُونَ). الواقعة: 20-21

«Царна безначух (стом хир бу), царна дезначух олхазарийн жижиг (хир ду)» («ВакъиIат»: 20-21).

Оцу чохь мала хир ду царна:

(يُسْقَوْنَ مِنْ رَحِيقٍ مَخْتُومٍ. خِتَامُهُ مِسْكٌ وَفِى ذَلِكَ فَلْيَتَنَا فَسِ الْمُتَنَافِسُونَ). المطفِّفين: 25-26

«Малор ду царна дIакъевлина чагIар, цунна тоьхна мухIар миск хир ду (я тIаьххьара къурд мискан чам болуш хир ду). И бахьанехь къийсалойла къийсалурш» («МутIаффифина»: 25-26).

Оцу чуьра арабахар хир дац церан, доккха а я жима а хьашт хир дац церан, шат йолуш хир бац уьш, марш йолуш хир бац уьш, церан чуьйрийн бухахула хьалайолуш мискан хьожа хир ю, бос жовхIарийн а болуш, мел дукха йиъча а, йиънчул тIаьхьа гай хир ду яале хьалха ша ма-хиллара лаьтташ.

Ахьа хеттахь оцу чуьрчу хьадалчех лаьцна. Оцу чохь хьадалчаш хир бу хьуна даима лаьттан болу, шайн кхоллар цуьнан дуьхьа долуш а хир бу уьш.

(وَيَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُخَلَّدُونَ اِذَا رَاَيْتُمْ حَسِبْتَهُمْ لُؤْلُؤًا مَنْثُورًا. وَاِذَا رَاَيْتَ ثَمَّ رَاَيْتَ نَعِيمًا وَمُلْكًا كَبِيرًا. عَلِيَهُمْ ثِيَابُ سُنْدُسٍ خُضْرٌ وَإِسْتَبْرَقٌ وَحُلُّوا اَسَاوِرَ مِنْ فِضَّةٍ وَسَقَهُمْ رَبُّهُمْ شَرَابًا طَهُورًا. إِنَّ هَذَا كَانَ لَكُمْ جَزَآءً وَكَانَ سَعْيُكُمْ مَّشْكُورًا). الإ نسان: 19-22

«Царна оьшучунна гонаха хьийзаш даима хин болу вилданаш хир бу, хьуна уьш гича, хьуна уьш даржийна жовхIарш а хеталуш. Хьуна уьш гича, цигахь хьуна го ниIмат а, сийлахь-доккха паччахьалла. Царна тIехь баьццара духар ду сундусах а, ездарин а, хазбина уьш детиха туьтешца, церан Дала царна малийна цIенчу маларех. Баккъалла, хIара шуна совгIат ду, шун къинхьегаман баркалла а ду» («Инсан»: 19-22).

Вай мел дийцинарг, КъурIанан аяташкахь а, элчанан, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, хьадисашкахь а билгалдаьхнарш ду хьуна. Уьш доцурш а, оцу ялсамани чохь хьан бIаьргашна ца дайнарг а ду хьуна, хьан лергашна ца хезнарг а ду хьуна, хьан коьрте ца деънарг а ду хьуна.

Ахьа хеттахь оцу доккхачу зовкх хьегарехь цара йоккхур йолчу хенах лаьцна. Ткъа уьш даима хир болуш бу хьуна оцу чохь - лийр а боцуш, кегийра болуш - къанлур а боцуш, могаш болуш - могаш боцуш хир боцуш, самукъане болуш - гIайгIане хир боцуш, реза болуш - оьгIазе хир боцуш.

(دَعْوَهُمْ فِيهَا سُبْحَانَكَ الَّلهُمَّ وَتَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَامٌّ وَاَخِرُ دَعْوَهم أَنِ الْحَمْدُ لِلَّهِ رَبِّ الْعَلَمِينَ). يونس:10

«Кхайкхар хир ду церан цигахь: «АллахI, хастам бу Хьуна!». Оцу чохь церан маршалла хаттар (хир ду): «Маршо!». Церан до1а хир ду: «Хастам АллахIана бу, Iаламийн Дела волу» («Юнус»: 10).

ХIинца хьайн хьекъалца дуста ахьа, иштта инзаре доккха долчу паччахьаллин а, кIеззиг заманахь бен лаьттан йоцчу хьайн гIишлойн а. Хьажа, оцу гIишлонех а къаьстина, хьайх шахIид хилча, хьо мича кхочуш ву.

Ткъа кху сохьта хьо Iаш волу меттиг Iехоран меттиг бен яц хьуна.

(وَلاَ يُنَبِّئُكَ مِثْلُ خَبِيرٍ). فاطر: 14

«Хьуна дуьйцур ма дац, Хуучо санна» («ФатIир»: 14).

Ахьа бахахь: «Суна жимма тIаьхьависса лаьара, сайн Iамал тояран дуьхьа». ХIара ду хьуна хьо Iехавелла хиларна тIера схьадеш къамел. Хьуна лаьа ваха. ТаллахIи, тоьхначу хенал сов вер ма вац хьо, я цул хьалха лийр ма вац хьо.

(يَا اَيُّهَاالنَّاسُ إِنَّ وَعْدَ اللهِ حَقٌ فَلاَ تَغُرَّنَّكُمُ الْحَيَوةُ الدُّنْيَا وَلا يَغُرَّنَّكُم بَاللهِ الْغَرُورُ. إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمْ عَدُوٌّ فَاتَّخِذُوهُ عَدُوًّا إِنَّمَا يَدْعُوا حِزْبَهُ, لِيَكُونُوا مِنْ أَصْحَابِ السَّعِيرِ). فاطر: 5-6

«ХIай нах! Баккъалла, АллахIан ваIд бакъ ю, шу Iеха данне ма дойла дуьненан дахаро, Iехочо АллахIах Iеха ма дойла шу. Баккъалла, шайтIа шуна мостагI ду, ткъа аша лаца иза мостагI (дай). Баккъалла, цо кхойкху шен тоба жоьжагIатин охIланах хиларе» («ФатIир»: 5-6).

Iамал алссам ярна тIаьхьависса хьо лууш велахь, муьлха Iамал ю-техьа джихIадал езаниг? Iамал яре сатесна хьо велахь, ладогIа, аса гойту хьуна уггаре еза Iамал. ТIаккха хьовсур вай хьан къамел харц хилар я бакъ хилар.

Абу-ХIурайрас, Дела реза хуьлда цунна, аьлла:

«АллахIан элчане, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, хаьттинера: «Муьлха Iамал ю-техьа еза аьлла?». Цо элира: «АллахIах а, Цуьнан элчанах тешар ду». Цхьамма хаьттира: «Цул тIаьхьа хIун ду?». Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира: «АллахIан новкъахь деш долу джихIад ду». Цхьамма хаьттира: «Цул тIаьхьа хIун ду?». Элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира: «Къобал дина долу (дан ма-деззара дина) хьадж ду».

Бухарис а, Муслимас а дийцина ду.

ВаллахIи, Дала шен неIалт аьлла, Шех даькхина долчу иблиса, Делера неIалт хуьлда цунна, боьгIна гур ма бу иза, Делан эвлаяийн а, гергарчу нехан а нигатех ма дац и нигат.

Элчанан, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, асхьабийн а, шаьш дика хилла болчу табиIинин а хилла хир ма дара и нигат, и дика нигат делахьара, дуьненчохь хан яккхар дезна уьш хиллехьара. Ткъа шаьш лайна йолу хало ловр ма яцара цара, мушрик нахаца а, керста нахаца джихIад дийр ма дацара цара, шахьарш, мехкаш, латтанаш тIамца схьадохур ма дацара цара дезах дерг джихIад ца хиллехь.

Ла ца дугIу ахьа, хIай тиларо бIаьрзе вина хьийзарг, Сийлахь-воккхачу АллахIан даше:

«ТIамана арадовла, каде дерш а, каде доцурш а, джихIад а де АллахIан новкъахь, шайн даьхнешца а, синошца а».

Хьайн ойла самаяккха, хьекъал а, кхетам а болуш хьо велахь, ойла а е хIокху АллахIан къамелан. Лекха ву Иза, Цо боху:

( وَفَضَّل الَّلهُ الْمُجَاهِدِينَ عَلَى الْقَاعِدِينَ أَجْرًاعَظِيمًا). النساء: 95

«ДжихIад дийриш АллахIа базбина цIахь Iийначарал, йоккха хиллачу йолаца» («Нисаъ»: 95).

Ойла еш хила! Делан элчанан, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, дешнийн:

«Стаг (муджахIид) АллахIан новкъахь гIазотан могIаре (деккъа) дIахоттар сов деза ма ду, цо шен доьзаллехь кхузткъе итт шарахь дечу лолунал (Iибадатал)».

ХIай Iехавелларг! МуджахIидан наб гIолехь а, еза а ю хьуна ахьа сахиллалц Далла йинчу Iамалел а, хьан дерриге дахарехь кхаьбначу марханел а.

Хуьлуьйтур вай ахьа деш долу къамел даггара. Делахь, хьуна хууш ма дац, айхьа еш йолу Iамал къобалйина ю я къобалйина яц.

Ойла ехьа, самавалахьа, ткъа хьуна хьалха бац тIехиттанза ца бовлу баккхийра кхерамаш? Хьуна хьалха дац дерриге халкъ дIагулден долу ирча де?

ВаллахIи, ахьа йинчу Iамало хьо кIелхьара воккхур ву я вац хууш ма дац хьуна.

(أَلاَحِينَ يَسْتَغْشُونَ ثِيَابَهُمْ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ إِنَّهُ عَلِيمٌ بِذَاتِ الصُّدُورِ).

«Уьш шайн духаршца дакъовллуш, ткъа Цунна хаьа цара хьулдийриг а, гуш дийриг. Хууш Ву и дегнашкахь дерг».

(وَ لَئِن مُتُّمْ أوْ قُتِلْتُمْ لَاِلَى اللهِ تُحْشَرُونَ). آل عمران: 158

«Шу лахь я шу дайъахь, АллахIе дIагулдийр ду шу» («Али-Iимран»: 158).

Ахьа бахахь: «Суна ца лаьа къаста сайн зудчух а, цуьнан хазаллех а. Синтеме ду суна иза йолчохь, сан самукъа ду цуьнца».

Дика ду. Хьан зуда хуьлуьйтар вай уггаре хаза йолу зуда, йолчу заманахь и санна хазаниг ян а йоцуш. И яц, ткъа, дуьххьара ша даьржина хи хилла лаьттина ерг, цхьаьна ден букъера схьаяьлла ерг? И яц, ткъа, яхка а елла, цхьа а хьожанна юххе ца гIорталуш лаьттан ерг? И яц, ткъа, баттахь ламаз дуьссий, майрачуьнан тIегIорта йиш ца хуьлуш ерг? И яц, ткъа, дика хиларал алсам хьуна вон хуьлуш ерг? И яц, ткъа, кеч ца бича - бIаьрг ирча хуьлуш ерг, кеч ца елча - емал хуьлуш ерг, ехк ца хьаькхча - месаш хьаьрчина хуьлуш ерг, IатIар ца тоьхча - хьацаран хьожа йогIуш ерг, ца лийчича - боьха хуьлуш ерг? И яц, ткъа, цхьайолчу хенашкахь ца могуш хуьлуш ерг, йоккха мел хуьлу дукха хIуманах дог долуш ерг, къанъелча кIелъюьссуш ерг, юьхь тIера чкъор керчаш ерг, хьан болчу ницкъаца ахьа цунна дика дича, ша оьгIаз ма-яххана, диначу диканна инкарло йийриг?

Делан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна, ма аьлла:

«Ахьа царна дика дича ерриге хенахь, цул тIаьхьа царна хьоьгара цхьа хIума даьллехь, цара олу: «Цкъа а хьоьгара дика дайна дац суна»».

Уьш бу жоьжагIатичохь уггаре алсам хинберш а.

Хьуна цуьнгара ган герга ду хьуна цул вониг а, цул телхинарг а.

Иза хьайна оьгIаз яхарна я цунна халахетарна кхоьру хьо.

Хьайна мел хало йина а, цуьнан уггаре жима лаам кхочуш бан гIерта хьо.

Хьоьгара шена оьшург лардо цо, хила ма ца хилли - хьоьх юьхь дIахьийза йо цо.

Доцца аьлча, хьуна тар ца ло цуьнах пайда эцар халонашца бен.

ВаллахIи, ма тамаше хIума ду-кха - и хIума дезаро гIазот дарах цIахь сацор. Нуьрех кхоьллиначаьрца ваха ца лаар ду-техьа и? ГIаланийн IиндагIашкахь кхииначаьрца вахар ца дезар ду-техьа и? Вилданашца а, хьурул Iийнашца а, даима хир долчу зовкхаца а самукъанечу хIусаме кхачар ца дезар ду-техьа и?

ВаллахIи, шахIидийн цIий деташ ма дац, ялсаманин йоьIарех иза кхетталц, цо хьурул Iийнийн нуьрех пайда эццалц, Iаламат хазачу цуьнан бIаьргех самукъадаллалц.

Адам шайх хьакхадаланза йоIстегарий болу. ХIордачуьра даьккхина жовхIар санна, шайх адам я жин хьакъдаланза цIена болу.

Шайн къамел кIеда долуш болу, шайн гIодаюкъ нийса йолуш болу, шайн Iаьржачу месех маре хьакхадаланза болу, цIоцкъамаш Iаьржа долуш болу, шайн хазалла къегина йолуш болу, шайн сурт нуьрца лепаш болу, шайн кIеда-мерзалла гуш йолуш болу, бIаьргийн гонаш Iаьржачу басахь долуш болу, шайн йистхилар мазал мерза долуш болу, шайн кхоллам тамаше болуш болу, шайн гIиллакх хаза долуш болу, шайн хIазарш лепаш долуш болу, везар чIогIа долуш болу, мало а, кIадо а шайца йоцуш болу, шайн бIаьрг хьуна тIехь сецна болу, хьо воцчуьнга хьаьжна боцуш, хьо везар доккха долуш болу, хьан лаамана эшначу хенахь дIахIиттина болу.

Царах цхьаьннан мIара гучаяьлча - буьззина кхетначу беттан нур дойъуш. Цуьнан хIоз буьйсанна гучубаьккхича - дуьненан буьйса нуьре йийр йолуш. Цуьнан гIодаюккъера доьхка гича - дерриге халкъ цунна йийсаре даха резахир долуш.

Стигланний, лаьттанний юккъехь иза гучуяьлча, цуьнан хазачу хьожано юзур ма яра цу шиннан юкъ.

Дуьрачу хIордачу цо туй тесча, массо хIуманал мерза хилла дIахуттур ма бара и.

Бу уьш, хьо цуьнга масазза хьаьжи - хьан бIаьргаш чохь цуьнан хазалла сов юьйлуш. Хьо цуьнца охьа масазза хии - шуьшиннан безам сов буьйлуш.

Хьекъал долчо хоржур ма дац, хIара дерриге хезначул тIаьхьа, цунна тIекхача цагIертар, джихIаде ара цавалар.

Муха хета шуна и хьурул Iийнаш, хIора шахIидана дуккха а хир болу?

Хьуна хаийла, оцу хьайн зудчух къаста йиш йоцуш хьо велахь, и къастар хилча санна лара мегар ду хьуна. Амма ахь джихIад дахь, инша АллахI, ялсаманехь цхьаьнакхетар ду шуьшиъ. Иза а карор ю хьуна эхартахь болчу хьурул Iийнашел хазъелла. Хазаллехь хаза хир ю иза, Iалам кхиош-кхобуш волучунна бен цуьнан хазалла ца хууш.

Цуьнгара дIадаьлла хир ду хьуна мел ца деза хIума. Шен гIиллакхаш хазделла хир ю иза, кхоллам кхочуш хилла хир бу цуьнан. БIаьргаш баккхийра, Iаьржа, хаза болуш хир ю иза. ЙоIстаг хир ю иза, цIий долуш хир яц иза. Шен гIалаташ дерриге нисделла хир ю иза, шен самукъа совдаьлла хир ю иза. Хазаллехь, нуьре хиларехь хьурул Iийнашел совъяьлла хир ю иза, иза кху дуьненчохь йолуш уьш цул хаза хиларах терра.

Ткъа ма сецавайта хьо цуьнга чохь. АллахIа хазйина хуьйцур ю иза хьуна, вай ма-йийццара. Нагахь иза ялсаманин охIланах елахь, хьо и йоцуш вуьссур вац хьуна.

ХIай сан ваша, дIа ма хьийзавайта хьо даима лаьттан йолчу хIусамах, хIокху дуьненан хIумане Iеха а вайтий.

ВаллахIи, юьссур йолуш хIусам ма яц и, цхьаьннан дахар даима лаьттар долуш хIусам а ма яц и.

ВаллахIи, хIара дуьненан хIусам ма ю, тахана цо хьо велийча - кхана цо хьо велхош. Тахана цо хьо воккха вевахь - кхана цо хьо сингаттаме веш. Хьийкъина де деанехь - йокъа хIоьттина де тIаьхьа догIуш. Тахана цхьаьна тоьхча - кхана вовшах бохуш. Юххерниг гена воккхуш, везачух къастош.

Сингаттаме а, гIайгIане а хIусам ю и. Цигахь дукха дерг - кIеззиг долуш, цигахь вехаш верг - къен волуш. Лазарш дукха долуш, дакъаза вийларш сов долуш, бинчу бартех тешам боцуш.

Цо хьулдина ду хьуна шен сакхташ, цо хьулбина бу хьуна шен баланаш, цо къайлабаьхна бу хьуна шен сингаттамаш. Цо Iехаво хьуна шен доьхначу хIуманашца, цо тилаво хьуна шен кхаьънашца.

Цо бо кхайкхам: ма довла джихIаде ара, совца шайн зударшца а, берашца а олий. Цуьнан кхайкхамна жоп делларг лаьцна ма ву цуьнан хIилланан машанаша. Совбер бу цуьнан бала, лоцур ма ву цо иза, йийсаре вина, цуьнан вонаш ца довзарна, цуьнан мекарлонан ирчалла ца йовзарна.

Цхьа хан яьлча, дохко вер ма ву иза, воьлхур ма ву иза, бIаьргара хи кхачийча цIий даллалц. Цо лехначо воссор ву иза вочу верзаре. Вада гIерташ къахьоьгур ду цо, вада ца луш кIел вуьссур ву иза.

Самадаккха хьайн дегI, дIабелла хьайн ши бIаьрг, баккха хьайн ког аьттоне, ирсан новкъа. АллахIа Шен дикаллица дала герга ду хьуна шахIидан дарж-рицкъа.

ХIай хьекъалан да, ма валла чохь Iай хIокху меланах.

Нийса болчу сацаман да ву-кха, чIогIачу нигатан да ву-кха, нийсачу ойланан да ву-кха джихIадехь дакъа лаьцнарг.

Амма малоне тевжинарг, бахамо Iехийнарг - керчина-кха цуьнан ког, дохко вер ву иза дохко валаро пайда ца бечу дийнахь, дохко вер ву иза хIума ца далучу къаналле вирзича. Шен дайначу деношна дохко вийлар сов дер ду цуьнан, цунна шена байча лакхарчу хIусамашкахь зовкх хьоьгу шахIидаш.

«Бакъдерг олу АллахIа, Цо нисво нийсачу новкъа. Тхуна АллахI кхачаме ву, болх тIебилла диканиг ву Иза».

АллахIу Акбар!

Хьехам хIоттийнарг: Турпалан кIант Фарукъ
Ответить

Вернуться в «Статьи»