БУСАЛБА НАХАНА АЛЛАХIА ШАЙН МОСТАГIАШНА ТIЕХЬ ТОЛАМ ЛУШ ДОЛУ

Ответить
admin
Администратор
Сообщения: 1221
Зарегистрирован: 02 сен 2014 01:20
Контактная информация:

БУСАЛБА НАХАНА АЛЛАХIА ШАЙН МОСТАГIАШНА ТIЕХЬ ТОЛАМ ЛУШ ДОЛУ

Сообщение admin »

Хастам бу АллахIана - Iаламийн Далла!

Хастаме чаккхе хуьлда АллахIах кхийриначарна!

Къинхетам а, маршо а хуьлда Цуьнан лай а, элча а волчу, Цо шен халкъах хаьржиначу а, Цуьнан хаамашна тIехь тешаме хиллачу а - вайн пайхамар а, имам а волчу Мухьаммад бин IадуллахIана, иштта цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а, цуьнан новкъа тIеваьллачу хIоранна а, къематде даллалц цо еаначу нийсонца нисбеллачу массарна а!

Цул тIаьхьа:

Везачу а, Сийлахьчу а АллахIана шукар до аса: АллахIан дуьхьа болчу хIокху бусалба вежарашца цхьаьна а тоьхна, Цо диначу диканна, дуьненачуьрчу мехкех уггаре а сийлахьчу махкахь (иза - Макка шахьар ю) вовшашка диканца весет дан а, диканна а, АллахIах кхерарна а тIехь вовшашна гIо дан а, бусалба наха шайн мостагIашна тIехь толам боккхун долу бахьанаш довзийтан а, царна дуьхьал нислуш долу эшам бохьун долу бахьанаш довзийтан а.

Везачу а, Сийлахьчу а АллахIе доьху вай: хIокхуьнах беркате цхьаьнакхетар дар а, вайн дерриге дегнаш а, ерриге Iамалш а тояр а, Шен динна гIодар а, Шен дош лакха даккхар а, берриге бусалба нехан куьйгалхой нийсачу новкъахь нисбар а, царна динах кхетар далар а, Шен лаьшна юккъехь Шен ШарIаца куьйгалла дан царна аьтто бар а.

Иштта доьху аса Цуьнга: хIокху вайн махкахь болчу вайн куьйгалхошна дерриге диканна аьтто балар а, АллахIан лаьшна а, мехкашна а пайдехь мел дерг дан гIодар а, цара шайна гергаозийнарш нисбар а, цаьргахула бакъонна гIодар а, харцо сийсазъяр а, уьш нисбеллачарех бар а, кхечарна нисбала масал дар а. Шега деха хьакъ верг а, дика верг а ву И!

Цул тIаьхьа баркалла олу аса хIара хIусам кечйиначу вежаршна, шайн коьртехь доктар Рашид бин Ражихь а волуш, «Уммилкъура» цIе йолчу университетан директар волу, иштта хIокху хIусаман хьаькамна а - цара со хIокху цхьаьнкхетаре кхайкхарна.

АллахIе доьху аса: массарна а беркат дар, вайн дерриге хьелаш тодар, вай нийсоне кхайкхамхойх дар, бакъонан гIоьнчех дар. Хезаш а, Уллохь а ву И!

ХIай динан вежарий! Доктар Рашида (АллахIа Iалашвойла иза) юьххьехь хьахийра, со баккхийрачу Iеламнехан вовшахтохаран куьйгалхо ву аьлла. Нисдеш, тIетоха луур дара суна. Оцу вовшахтохаран куьйгалла - цуьнан коьрта декъашхой болчу пхеа стагана юккъехь рогIехь лелаш ду: хIора пхоьалгIачу шарахь рагI дIакховдайо рогIерачуьнга. Ткъа со царех цхьаъ ву, вовшахтохаран куьйгалхо вац со, цуьнан куьйгалхойх цхьаъ ву.

Тахана йоьшун йолчу лекцех дерг аьлча, иза - «АллахIа муъма нахана толам луш долу бахьанаш» аьлла ю.

Бусалба нахана АллахIа шайн мостагIашна тIехь толам луш долу бахьанаш

Везачу а, Сийлахьчу а АллахIа толамна а дехкина бахьанаш, эшамна а дехкина бахьанаш.

Иман охIланна тIехь декхар ду: толам лур болу бахьанаш лелор - шаьш дечу ЖихIадехь а, кхидолчу шайн гIуллакхашкахь а. ЧIоггIа царех тасабалар - маьждигехь а, цIахь а, новкъахь а, мостагIашна дуьхьал кхетачу хенахь а, кхидолчу хьелашкахь а.

Муъма нахана тIехь ду: АллахIан омранаш лардар а, АллахIаца а, Цуьнан лаьшца а догцIена хилар а, Iесаллех а, къинойх а ларбалар а - эшам хуьлуьйтучу бахьанех шаьш долчу.

Iесаллех а, къинойх а ду толам хинболчу бахьанашкахь ледарло яр: хIумаллин (дахаран) бахьанашкахь а - АллахIа шаьш доцуш а, ларданза йиш йоцуш а лерина долчу, иштта динера долчу бахьанашкахь а. Цундела хьалхарачуьнгахь ледарло яр а, я шолгIачуьнгахь ледарло яр а - эшам бохьучу бахьанех ду.

Везачу а, Сийлахьчу а АллахIа боху Шен ларамечу Жайнахь, олучарех бакъдерг эриг ву И:

{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ } سورة محمد:آية7.

«ХIай Делах тешнарш! Нагахь аша АллахIана гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо, шун когаш а чIагIдийр ду» («Мухьаммад» сурат, 7 аят).

ХIара исбаьхьа аят берриге а муъма нахе деш къамел ду. Ша Хастаме волчо кхетийна цуьнгахь: нагахь цара АллахIана гIо дахь, Цо царна а гIо дийриг хиларх.

Муъма нахера АллахIана оьшуш долу гIо хIун ду? Иза ду - Цуьнан ШарIана тIаьхьа вазар а, Цуьнан динна гIодар а, Цуьнан хьакъ кхочуш дар а. Ша Хастаме волу АллахI вац Шен лаьшка хьаште, муххале а, уьш бу Цуьнга хьаште берш, Цо ма-аллара:

{ يَا أَيُّهَا النَّاسُ أَنْتُمُ الْفُقَرَاءُ إِلَى اللهِ وَاللهُ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ وَمَا ذَلِكَ عَلَى اللهِ بِعَزِيزٍ } سورة فاطر: الآية 15-17.

«ХIай нах! АллахIе хьашт ду шу, ткъа АллахI – цхьаьнгге а хьашт вац, хастаме ву. Нагахь Цунна лаахь, шу хIаллак а дина, керла халкъ кхуллур ду Цо. Хала а дац и АллахIана» («ФатIир сурат», 15-17 аяташ).

Ша берриге нах а, жинаш а, адамаш а, паччахьаш а шайн Деле хьаште бу. АллахIан къоьллин ялхой бу уьш, шаьш къен болун дела. АллахI ву – Хьал долуш, Хастаме. Цунна гIодар бохург - Цуьнан ШарIана гIодар ду, Цуьнан динна гIодар ду, Цо Шен элчане даийтиначунна гIодар ду, Цо Шен сий долчу жайнахь КъурIан чохь доссийначунна гIодар ду. И ду и Цунна гIодар бохург.

Нагахь бусалба нах дIахIиттахь Цуьнан динна гIодан а, Цуьнан хьаккъаш лардан а, Цуьнан гергарачу нахана гIо дан а, - тIаккха АллахIа а гIо дийр ду царна церан мостагIашна тIехь, хьелаш а тодийр ду Цо церан, гIуллакхаш атта а дийр ду Цо церан, хастаме тIаьхье а хуьлуьтур ю Цо церан, Леккхачу АллахIа ма-аллара:

{ فَاصْبِرْ إِنَّ الْعَاقِبَةَ لِلْمُتَّقِينَ } سورة هود: آية 49.

«Собаре хила хьо - хастаме чаккхе Делах кхоьручарна кечйина ю» («ХIуд» сурат, 49 аят).

{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ } سورة آل عمران: 120.

«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан хIуьмалгаша (хIилланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац. Боккъалаъ, АллахI хууш ву цара лелориг» («Али Iимран» сурат, аят 120).

Собар а, Делах кхерар а хуьлуш ду АллахIан гIоьнца, Цуьнан дин лардан хIоттарца, кхечаьрга а и ларде аьлла весет дарца - къайлах а, гучахь а, халонехь а, паргIатонехь а, ЖихIадан хенахь а, цул хьалха а, цул тIаьхьа а, кхечу хьелашкахь а.

Дала муъма нахах боцурш накъостий а, доттагIий а лацарх ларло аьллачу хенахь а:

{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لا تَتَّخِذُوا بِطَانَةً مِنْ دُونِكُمْ لا يَأْلُونَكُمْ خَبَالًا وَدُّوا مَا عَنِتُّمْ قَدْ بَدَتِ الْبَغْضَاءُ مِنْ أَفْوَاهِهِمْ وَمَا تُخْفِي صُدُورُهُمْ أَكْبَرُ قَدْ بَيَّنَّا لَكُمُ الْآيَاتِ إِنْ كُنْتُمْ تَعْقِلُونَ } سورة آل عمران: 118.

«ХIай Делах тешнарш! ГIоьнчий ма лоцийла аша шайх воцург (мунепикъаш, керстанаш). Шуна зен дан баьлла аьтто тIех ца болуьйту цара, шуна хуьлучу халонех са а къерало церан. ХIинцале а хьагI гучу яьлла церан баганашкара, цара шайн дегнаш чохь хьулъен хьагI кхин дуккха а йоккха ю. Билгалонаш йовзуьйту Оха шуна, нагахь шу кхеташ делахь!» (сурат «Али Iимран», аят 118).

Ша ЦIена волчо билгалдина тIаьхьарчу аяташкахь: нагахь уьш собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан мостагIаша царна цхьа а бохам бийриг цахилар. Цо аьлла:

{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ } سورة آل عمران:120.

«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан хIуьмалгаша (хIилланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац шуна. Боккъалаъ, АллахI хууш ву цара лелориг» («Али Iимран» сурат, аят 120).

Кхечу аяташкахь а аьлла Сийлахьчу а, Везачу а АллахIа:

{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا فَإِنَّ ذَلِكَ مِنْ عَزْمِ الْأُمُورِ} سورة آل عمران: 186.

«Нагахь шу собаре а, АллахIах кхоьруш а хилахь, ткъа оцу гIуллакхашкахь хадаме (чIогIа) хила хьакъ ду» («Али Iимран» сурат, 186 аят).

Кхечу аятехь а аьлла Цо:

{ إِنَّهُ مَنْ يَتَّقِ وَيَصْبِرْ فَإِنَّ اللَّهَ لا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ } سورة يوسف: آية 90.

«Боккъалаъ, Делах кхоьруш, собаре хиллачунна, ткъа АллахIа эрна ца дойту дика деш болучеран совгIат» («Юсуф» сурат, 90 аят).

Ша Сийлахь волчо боху:

{ وَاصْبِرُوا إِنَّ اللَّهَ مَعَ الصَّابِرِينَ } سورة أنفال: 46.

«Собаре хила, боккъалаъ, собаре болучаьрца ву АллахI» («Анфал» сурат, 46 аят).

Сийлахьчу а, Везачу а АллахIана гIодар бохург - Цуьнан ШарIана тIаьхьа вазар а, оцу тIехь собаре хилар а ду, Лекхачу АллахIа ма-аллара:

{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ } سورة محمد: آية 7.

«ХIай Делах тешнарш! Нагахь аша АллахIана гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо, шун когаш а чIагIдийр ду» («Мухьаммад» сурат, 7 аят).

Делан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дашах тера ду хIара, ибн Iаббасе цо аьлла долчу:

((احفظ الله يحفظك احفظ الله تجده تجاهك))

«АллахI ларве - Цо хьо а ларвийр ву. АллахI ларве - хьайна хьалххахь карор ву хьуна И».

АллахI ларвинарг милла велахь а - Цуьнан дин лардарца а, оцу тIехь нисвелла латтарца а, Цуьнан хьакъ ларде олуш весет дарца а, оцу тIехь собаре хила олуш весет дарца а - цунна АллахIа гIо а дийр ду, Цо чIагI а вийр ву иза шен мостагIашна дуьхьал, церан хIилланех а, мекарлонех а Iалаш а вийр ву Цо иза.

Дала аьлла:

{ وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِينَ } سورة الروم: آية 46.

«Декхарийлахь ду Тхо муъма нахана гIо дан» («Рум» сурат, 46 аят).

Муъма нах - АллахIан динна тIехь нисбелларш бу, Цуьнан хьакъ лардинарш а бу, Цо хьарам диначух гена бевлларш а бу, Сийлахьчу АллахIа ма-аллара:

{ أَلا إِنَّ أَوْلِيَاءَ اللَّهِ لا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلا هُمْ يَحْزَنُونَ الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ } سورة يونس:62.

«Боккъалаъ, АллахIан гергарачарна кхерам хаалур бац, я гIайгIане а хир бац уьш. Иман диллина, Делах кхийринарш бу уш» («Юнус» сурат, 62 аят).

Муъма нах - АллахIах кхийринарш бу, уьш бу и АллахIан гергаранаш, уьш бу и АллахIан динан гIоьнчий берш. Царна лерина ду АллахIа гIодар а, церан мостагIийн мекарлонех уьш ларбар а. Ша ЦIена а, Лекха а волчо хастаме йолу чаккхе а лур ю царна.

Сийлахьчу а, Везачу а АллахIа боху Шен ларамечу Жайнахь:

{ وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ أَقَامُوا الصَّلاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ وَأَمَرُوا بِالْمَعْرُوفِ وَنَهَوْا عَنِ الْمُنْكَرِ وَلِلَّهِ عَاقِبَةُ الْأُمُور ِ} سورة الحج: الآيتان 40-41.

«АллахIа билггал гIо дийр ду Шена гIо дечунна. Боккъалаъ, АллахI – доллучунна ницкъ кхочуш, тоьлла ву. Лаьтта тIехь Оха шайн кара Iедал делча, ламаз дийр ду цара, закат лур ду, диканиг де эра ду, вониг ма де а эра ду. Дерриге а гIуллакхийн йист (чаккхе) – АллахIехь ю» («Хьадж» сурат: 40-41 аяташ).

ХIорш бу и шайна гIо дийр долуш берш, хIорш бу и хастамечу тIаьхьенан дай бан ваIда шайна йина берш.

Цул тIаьхьа билгалдо Хастамечу Дала Шен «динан гIоьнчийн куьцаш». Цо аьлла:

{ الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ }

«Лаьтта тIехь Оха шайн кара Iедал делча…»

(Вуьшта аьлча: «Оха шайн таро йича, Оха шайн ницкъ кхачийтича»)

{ أَقَامُوا الصَّلاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ }

«ламаз дийр ду цара, закат лур ду…»

(Вуьшта аьлча: АллахIа шайна тIе ма-диллара, Цуьнан арканашца, цуьнан декхаршца ламаз дар лардинарш а, закат далар лардинарш а бу уьш, дог цIена а долуш. Диканца омра дина, вониг дитарна тIехьегIнарш бу уьш. Оцо чулоцу дерриге АллахIан омранаш а, дерриге АллахIа дихкина долу вонаш а.

Диканаш аьлча, оцу юкъа догIу: марха кхабар, хьадж дар, ЖихIад дар, дена-нанна дика хилар, уьш доцурш а - АллахIа а, Цуьнан элчано а омра мел динарг.

Вонаш аьлча, оцу юкъа догIу: АллахIа мел дихкинарг а, Цо хьарам мел динарг а, къаьсттина ширкан дакъош, иштта кхидолу къинош а, Iесаллаш а.

Муъма наха цхьаъ во АллахI. Даггара Цуьнах теша а теша уьш, шайна тIехь долу И цхьаъ варан декхар а леррина лардо цара, Цуьнца догцIена хилар а латта до цара, Цуьнан дийцарех теша а теша уьш, иштта Цуьнан элчанан дийцарех а теша уьш. Цо омра ма-дарра, Цуьнан хьаккъаш а лардо цара. Оцу дерригенца а цхьаьна ларло уьш Цо дихкиначух, гена бовлу уьш Цо шайна хьарам диначух - Цуьнгарчу йоле сатуьйсуш, И резавар лоьхуш, ЦIена а, Лекха а волчу Цуьнан Iазапах ларлуш.

ХIорш бу и бакъ болу муъма нах. ХIорш бу и Сийлахь волчу АллахIан дашехь, «Анфал» сурат чохь, бийцина болу Делах кхоьруш берш:

{ وَمَا كَانُوا أَوْلِيَاءَهُ إِنْ أَوْلِيَاؤُهُ إِلا الْمُتَّقُونَ وَلَكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لا يَعْلَمُونَ } سورة الأنفال: الآية34.

«Цуьнан гергара хила хьакъ бац уьш? Цуьнан гергаранаш Делах кхоьруш берш бен бац, делахь а, царех дукхах берш хууш бац и» («Анфал» сурат, 34 аят).

Ткъа вайн Дала тайп-тайпана дешнаш олу муъма нехан куьцаш дуьйцучу хенахь. Делахь а, уьш дерриге а цхьана чулацаме доьрзу, Сийлахьчу АллахIа ма-аллара:

{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا }

«Шу собаре а, Делах кхоьруш а хилахь…».

Цо чулоцу: ламаз, закат, диканиг де алар, вониг ма де алар, кхидолу АллахIа а, Цуьнан элчано а омра мел динарг а. Иштта чулоцу цо хьалхарчу тIегIанахь: АллахI цхьаъ вар а, Цуьнах тешар а, Цуьнан элчанах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тешар а, АллахIан а, цуьнан элчанан а дийцарех тешар а. И ша дерриге а чулаьцна Сийлахь волчу АллахIан дашо:

{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا }

«Шу собаре а, Делах кхоьруш а хилахь…».

Оцу кеппара чулоцу и Ша Сийлахь волучуьнан дашо:

{ الَّذِينَ إِنْ مَكَّنَّاهُمْ فِي الْأَرْضِ أَقَامُوا الصَّلاةَ وَآتَوُا الزَّكَاةَ وَأَمَرُوا بِالْمَعْرُوفِ وَنَهَوْا عَنِ الْمُنْكَرِ } سورة الحج: الآية 40-41.

«Лаьтта тIехь Оха шайн кара Iедал делча, ламаз дийр ду цара, закат лур ду, диканиг де эра ду, вониг ма де а эра ду. Дерриге а гIуллакхийн йист (чаккхе) – АллахIехь ю» («Хьадж» сурат: 40-41 аяташ).

Ткъа собаро а, Делах кхераро а чулоцу - дерриге а Делан омраша бохург дар, Цо дихкина мел дерг дитар.

Иштта Ша Сийлахь волучуьнан дашо

{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ }

«ХIай делах тешнарш! Нагахь аша АллахIана гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо, шун когаш а чIагIдийр ду»

чулоцуш ду – дерриге а АллахIан омраша бохург дар, Цо дихкинарш дитар.

ХIара ду и АллахIана гIодар бохург: Цо дина омранаш кхочуш дар, Цо дихкинарш дитар - Делах даггара тешна а волуш, АллахIаца догцIена а волуш, цIенна ширках дIацIандина И цхьаъ вар а долуш, иштта Цуьнан элчанах тешна а волуш - деккъа майраллийна а доцуш, дераллийна а доцуш, ишта-вуьшта ву алийта а доцуш, ШарIана тIаьхьа вазар йоцучу муьлхха а йолчу кхечу Iалашонна а доцуш.

АллахIан динна гIодар хуьлуш ду - АллахIана муьтIахь хиларца, И вазварца, Цуьнца догцIена хиларца, ЦIена а, Лекха а волчу Цуьнгарчу дикане догдахарца, Цуьнгара маьл безаш, Цуьнан ШарIа дIахIоттон къахьегарца, Цуьнан дин дIахIоттон къахьегарца.

ХIара куьцаш шегахь дерг - муъма нахах ву, АллахIа шайн хьокъехь аьлла болчу:

{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ }

«ХIай делах тешнарш! Нагахь аша АллахIана гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо, шун когаш а чIагIдийр ду»

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа боху церан хьокъехь:

{ إِنَّا لَنَنْصُرُ رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ الْأَشْهَادُ يَوْمَ لا يَنْفَعُ الظَّالِمِينَ مَعْذِرَتُهُمْ وَلَهُمُ اللَّعْنَةُ وَلَهُمْ سُوءُ الدَّارِ } سورة غافر: 51-52.

«Боккъалаъ, гIо дийр ма ду Оха тхайн элчанашна а, иман диллиначарна а, дуьненан дахарехь а, тешаш (маликаш, пайхамарш, муъма нах) хIуьттучу дийнахь а, зуламхошна церан бехказабийларо пайда ца бечу дийнахь а. НеIалт ду царна, вон Iойла а ю царна кечйина» («ГIафир» сурат, 51-52 аяташ).

Вуьшта аьлча: сийсаза бен, хIаллак бен чаккхе ю царна, иза – неIалт а, ирча боьрзийла а ю. Сийсаза бен, хIаллак бен чаккхе ю царна, иза – жоьжагIати ю, АллахIан къинхетамах бахар ду. ХIунда аьлча, АллахIана а, Цуьнан динна а гIо ца дина цара. Ткъа зуламхошна пайда бийр бац цара лоьхучу бехказлонаша а, цара дуьйцучу бахьанаша а. НеIалт ду царна дуьненахь, вон боьрзийла а ю царна къематдийнахь.

АллахIан динна гIо диначеран а, оцу тIехь нисбеллачеран а хьал - нисса бIостамехьа хир ду. Царна хир ду - АллахIан реза хилар а, Цуьнгара сий-ларам а, хастаме йолу чаккхе а. И хир ду царна - дуьненахь царна гIо дарца а, эхартахь ялсамане бахийтина, жоьжагIатах хьалха баьхна, уьш декъала барца а. АллахIе доьху вай: со а, шу а, ваьш дерриш а царех дар.

Элчанаш а, царна тIаьхьа баьзнарш а бу муъма нах. Толам хир бу царна хIокху дуьненахь - шайн мостагIчунна тIехь царна толам баларца а, мостагIчунна тIехь аьтто баккхарца а, хастаме чаккхе церан агIонна яларца а. Ткъа толам хир бу царна эхартахь а - ялсамане бахарца, жоьжагIатах хьалха бахарца, доккхачу къематдийнан кхерамечу хьолах маьрша бахарца, царех хьалха бахарца.

Сийлахь а, Веза а волчо боху:

{ وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُمْ فِي الْأَرْضِ كَمَا اسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَى لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُمْ مِنْ بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا يَعْبُدُونَنِي لا يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا وَمَنْ كَفَرَ بَعْدَ ذَلِكَ فَأُولَئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ } سورة النور:55

«АллахIа ваIда йина, шеко а йоцуш, шух иман диллина, дика Iамалш йиначарна, лаьтта тIехь царех сардалш (дай) бан, царел хьалха хиллачех сардалш (дай) ма-барра. Шеко а йоцуш, шайн дин лело аьтто лур бу Цо царна, Ша цара и лелорна реза хилла долу, цаьргара кхерам кхерамзалле а хуьйцур бу. Суна Iибадат до цара, Соьца цхьа накъостий а ца нисбо цара. Цул тIаьхьа керстаналла динарш - (Далла) муьтIахь болучуьра дIабевллраш бу» («Нур» сурат, 55 аят).

ХIорш бу и АллахIан гIоьнчий - иман а диллина, дика Iамалш йина болу. Уьш бу и - ламаз дина, закат делла, диканиг де аьлла, вониг ма де аьлла берш. Уьш бу и - АллахIан динна гIо динарш а, оцу тIехь нисбелларш а.

Вай дицина долу дерриге аяташ а, хьадисаш а вовшех кхетам луш ду, цхьадерш вукхера маьIна гойтуш ду.

АллахIан гIоьнчий: уьш – муъма нах бу. Уьш бу – Делах кхоьруш берш, догцIена берш, собар дерш, диканаш. Уьш бу – лаьтта тIехь куьйгалла шайга делча, ламаз дийриш, закат лурш, диканиг де олуш берш, вониг ма де олуш берш. Уьш бу – «Нур» цIе йолчу суратехь, хIокху аятехь бийцина берш: Делах тешна, дика гIуллакхаш динарш.

ХIара ши хIума кхочуш динарш бу уьш: АллахIах а, Цуьнан элчанех а тешнарш. Тешнарш бу уьш - АллахI шайн Дела хиларх, Шена Iибадат дан хьакъ верг хиларх. Цара цIенна Шена Iибадат дан къастийнарг ву И. Тешна бу уьш Цуьнан цIерех а, Цуьнан куьцех а. Цуьнан динна тIехь нисбелларш бу уьш - къамелехь а, гIуллакхашкахь а, Iамалшкахь а, Iакъидатехь а, дега тешамашкахь а. Уьш бу и цIена болу муъма нах - АллахIан гIоьнчий шаьш болу, Цуьнан динан гIоьнчий а болу, Делах кхоьруш а болу. Шайн хьокъехь аьлларш бу уьш:

{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا } سورة آل عمران:120.

«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан хIуьмалгаша (хIилланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац» («Али Iимран» сурат, аят 120).

Уьш бу и муъма нах - Дала Шен дашехь хьахийна болу:

. { وَكَانَ حَقًّا عَلَيْنَا نَصْرُ الْمُؤْمِنِين } سورة الروم: آية46

«Декхарийлахь ду Тхо муъма нахана гIо дан» («Рум» сурат, 46 аят).

Уьш бу и бийцинарш Сийлахь-Воккхачо Шен дашехь:

{ وَلَيَنْصُرَنَّ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ } سورة الحج: الآية 40-41.

«АллахIа билггал гIо дийр ду Шена гIо дечунна. Боккъаллаъ, АллахI – доллучунна ницкъ кхочуш, тоьлла ву» («Хьадж» сурат, 40-41 аяташ).

Уьш бу и бийцинарш АллахIан дашехь:

{ إِنَّا لَنَنْصُرُ رُسُلَنَا وَالَّذِينَ آمَنُوا فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَيَوْمَ يَقُومُ الْأَشْهَادُ } سورة غافر: آية51.

«Боккъалаъ, гIо дийр ма ду Оха тхайн элчанашна а, иман диллиначарна а, дуьненан дахарехь а, тешаш (маликаш, пайхамарш, муъма нах) хIуьттучу дийнахь а» («ГIафир» сурат, 51 аят).

Уьш бу - лаьтта тIехь дай бан шайна ваIда йина берш, лаьтта тIехь халифаш бан шайна чIагIо йина берш, лаьтта тIехь дин дIахIотто аьтто бан шайна чIагIо йина берш, кхерамал тIаьхьа кхерамазалле баха шайна чIагIо йина берш, халонал тIаьхьа сийлахьалле баха шайна чIагIо йина берш.

ХIай АллахIан лай! ХIара маьIна дикка довзар ду хьуна тIехь декхар, цуьнца Iамал яр а ду хьан декхар - АллахIан гIоьнчех хилархьамма, АллахIа Шен гIоьнчашна чIагIо йина йолу хастаме чаккхе хьайна хилийтархьамма.

ЧIагIо (ваIда) йина АллахIа Шен гIоьнчашна толам бала а, хастаме чаккхе яла а, лаьтта тIехь Iедал церан кара дIадала а, кхерамера кхерамазалле хьал хийцан а - Шен дуьхьа цара Шен мостагIашна кхерам латтор бахьана долуш. Цуьнан дин тIехь уьш собаре хиларна, АллахIан новкъахь цара ЖихIад дарна. Цуьнан къинхетаме сатуьйсуш а, Цуьнан Iазапах кхоьруш а, шайн догIмаш Цуьнан новкъахь, доккха хIума ца хеташ, дIадаларна. АллахIана доьхкина цара уьш, АллахIана дIаделла цара уьш, Цуьнан дашо бохург кхочуш дархьамма:

{ إِنَّ اللَّهَ اشْتَرَى مِنَ الْمُؤْمِنِينَ أَنْفُسَهُمْ وَأَمْوَالَهُمْ بِأَنَّ لَهُمُ الْجَنَّةَ } سورة التوبة:111.

«Боккъалаъ, муъма нахера церан синош а, бахамаш а эцна АллахIа ялсаманина дуьхьал хийцина» («Товбат» сурат, 111 аят).

ХIорш бу и АллахIан гIоьнчий - Цуьнан динна тIера ца боьхна болу, оцу тIехь, нис а белла, лаьттина болу - шайн дешнашкахь, Iамалшкахь, кхерамазаллехь, кхерамехь, халонехь, паргIатонехь, леларехь, бахарехь. АллахIан дуьхьа ЖихIад а дина, собаре хилларш бу уьш. Цундела хастаме чаккхе елла царна, АллахI-Дала (ЦIена ву И) ма-аллара:

{ وَالَّذِينَ جَاهَدُوا فِينَا لَنَهْدِيَنَّهُمْ سُبُلَنَا وَإِنَّ اللَّهَ لَمَعَ الْمُحْسِنِينَ } سورة العنكبوت:69.

«Тхайн дуьхьа жихIад деш берш - билггал, Тхайн новкъа буьгур бу Оха. Боккъалаъ, дика деш болучаьрца ву АллахI» («Iанкабут» сурат, 69 аят).

ЧIагIо йина царна АллахIа - нийсачу новкъа нисбан а, шайна толам бала а, дика дан а.

ХIара бахьанаш элчанехь а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан асхьабашкахь а (АллахI реза хуьлда царна) гулделлачу хенахь, Бадр гIазот долчу дийнахь, керстанашна тIехь толам белла царна. И керстанаш царал дуккхаъ алсам боллушехь, шайн ницкъехь а, шайн дукхаллехь а царал дуккхаъ сов хиллашехь, хIетте а царна тIехь толам белла царна. Лакхахь дийцина долу куьцаш цара шайгахь гулдалийтина дела. Цара АллахIан динна гIо дина дела - дашца а, Iамалца а. Уьш мостагIашна дуьхьал кхетча, собаре хиларна а, цIеначу даггара хиларна а, АллахIа аьтто баьккхина церан, мостагI а эшийна Цо церан, хастаме чаккхе а елла Цо царна.

Иштта хилла Ахьзаб гIазот долчу дийнахь а. Шаьш арадаьккхиначу гIуллакхна тешаме хилла уьш, даггара хилла уьш, доккха собар хилла цаьргахь, керстанаш дуккха а дукха царал алсам хиллашехь а.

Собаре хилла бусалбанаш, шайна лаьцна го а болуш: АллахIан пурбанца шайн мостагIашна тIехь АллахIана гергарачу эскарца гIо кхаччалц - царна гуш хилла а доцучу эскарца, АллахIана гергара толам шайна кхаччалц - шайн бIаьргашна гуш доцучу эскарца. Керста вегийна Цо, дикане догдаха меттиг боцуш, эшамца уьш буха а тухуш. И дерриге а хилла пайхамар а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), асхьабаш а (АллахI реза хуьлда царна) АллахIана муьтIахь хилар бахьана долуш АллахIан мостагIашца ЖихIад дарна тIехь.

Иштта толам белла АллахIа бусалба нахана Макка йоккхучу дийнахь а. АллахIа гIо дина оцу дийнахь бусалбанашна шайн мостагIашна тIехь толам баккха. Макка маьрша а яьккхина цара, ширк а, цуьнан гIоьнчий а эшийна цара. Бусалба динна мостагI долу «хIавазин» тайпа а эшийна кIелдитина цара - Дала диначу диканна а, комаьршаллина а Цо Шен гергарачарна гIодар бахьана долуш а, Цо Шен эвлаяаш чIагIбар бахьана долуш а.

Изза хилла асхьабаша румошца (римлянашца) а, гIажарошца (персашца) а тIемаш бечу хенахь а, и шиъ йоцчу кхечу пачхьалкхашца тIемаш бечу хенахь а. Цигахь собаре хилла уьш. ЖихIад а дина цара, тIаккха декъала хилла уьш. Толам а кхаьчна цаьрга, хастаме чаккхе а елла царна АллахIа. ТIаккха дуьненан тхьамданаш хилла царех, лаьтта тIехь паччахьаш а хилла царех.

ХIара АллахIан суннат, хIара АллахIан некъ, Цуьнан лаьшна юккъехь лелар болуш бу къематде хIотталц - Шена гIо диначунна гIо деш, Шен динна дуьхьала ваьлларг сийсаз веш.

Ухьуд гIазотехь, асхьабашкара гIалатло яьллачу хенахь, бохам боьссина бусалбанашка, эшам боьссина бусалбанашка. АллахIан лаьтта тIехь АллахIан халкъах уггаре диканиш уьш боллушехь а, халкъах уггаре веза элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) царна юккъехь воллушехь а, пайхамарел а тIаьхьа уггаре сийлахь берш боллушехь а, царна юккъехь элчанал тIаьхьа умматах уггаре дика волу Абу-Бакар-Сиддикъ (АллахI реза хуьлда цунна) воллушехь а, царна юккъехь пайхамарал а, Абу-Бакар-Сиддикъал а тIаьхьа умматах уггаре диканиг ша волу Iумар воллушехь а, царна юккъехь дуккха а кхиболу диканиш боллушехь а.

Бусалба нах эшна - цаьргара даьлла гIалат бахьанехь, Iедаш тухучара шайгара далийтина долу. АллахIа Шен мостагIашна дуьхьал собаре хила аьлла шайна тIедиллиначу собарх уьш боьхначу хенахь. МостагI цигахула чугIорта кхерам болу дукъ лардар цара дIатесначу хенахь.

Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iедаш тухучаьрга омра дина хиллера, шаьш лаьттачу меттера дIа ма довла аьлла, и меттигаш дIа ма тийса аьлла: нагахь мостагIчо бусалбанех каетташ шайна гахь а - дIа ма хеца, я бусалба наха толам баьккхина шайна гахь а - дIа ма хеца, я хьалхарчу хьолехь а, я шолгIачу хьолехь а. Ткъа царна тIехь дерг - шайн меттигашкахь латтар дара, уьш ларъяр дара, цигара дIацабовлар а дара.

Ухьуд дийнахь, мостагI эшначу хенахь, Iедаш тухучарна уьш эшна а гича, тIамах йист яьлла-кха аьлла хетта царна. ТIаккха и шайн меттигаш хецна дIа а яхийтина цара. Церан амир гIиртина уьш оцу меттигера дIа ца бовлийта, цаьрга и меттигаш дIа ца хецийта. Делахь а, цо бохург ца дина цара, Iеса хилла уьш цунна - керста эшна ваьлла, керстано букъ тоьхна баьлла, керста вухавоьрзур вац, керста кхоччуш эшна ваьлла аьлла.

Цара и меттиг дIа ма хецна, оцу дIахецначу меттигехула бусалба нахана чухьаьдда керста. ТIаккха бохам бусалба нахе боьссира, эшам бусулба нахе бирзира. Байъарш, чевнаш яр, эшам, элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вен а гIерташ. Амма АллахIа хьалхаваьккхира иза церан вонах. Чевнаш йира цунна дуккха а, хьалхара церг а кагйира цара цуьнан, иштта кхин а вонаш, чевнаш хилира цунна. Кхузткъе итт асхьаб а вийра цигахь, бисинчу цхьаболчарна чевнаш а йира. Церан хьокъехь доссийра тIаккха АллахIа Шен дош:

{ وَلَقَدْ صَدَقَكُمُ اللَّهُ وَعْدَهُ إِذْ تَحُسُّونَهُمْ بِإِذْنِهِ }

«АллахIа кхочуш йина Ша шуна йина йолу ваIда, аша Цуьнан пурбанца уьш хIаллакбинчу хенахь…»

(Вуьшта аьлча: хьалхарчу тIемашкахь аша уьш хIаллакбинчу хенахь)

{ حَتَّى إِذَا فَشِلْتُمْ }

«шу сацамах доьхча…»

(вуьшта аьлча: Iедаш тухуш берш)

{ وَتَنَازَعْتُمْ فِي الْأَمْرِ }

«омрин хьокъехь къийсадала а хIиттича…»

(вуьшта аьлча: омра кхочуш даран хьокъехь шун барт боьхча, декъа дала а хIиттича)

{ وَعَصَيْتُمْ }

«Iеса а хилча…»

(вуьшта аьлча: шаьш ларъян декхар долу меттиг дIахийцира аша, элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цигахь латта аьлла омра дина йолу)

{ مِنْ بَعْدِ مَا أَرَاكُمْ مَا تُحِبُّونَ }

«шайна дезарг (толам, мостагI эшар) Цо шайна гайтиначул тIаьхьа…»

(вуьшта аьлча: тIаккха тесира шуна тIе мостагI)

{ مِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الدُّنْيَا وَمِنْكُمْ مَنْ يُرِيدُ الْآخِرَةَ ثُمَّ صَرَفَكُمْ...} آل عمران: 152.

«Шуна юккъехь хIара дуьне дезаш берш а бу, эхартан дахар дезаш берш а бу. Цул тIаьхьа царна (гаурашна) букътохийтира Цо шуьга» («Али Iимран» сурат, 152 аят).

Доца аьлча, эшна уьш, ЖихIадан даран новкъахь хиланза йиш йоцучу ладамечу меттехь цаьргара даьлла гIалат бахьанехь. Иза - дозанаш Iалашдар ду, мостагI чугIоьртан волу херонаш дIакъовлар ду, бусалба нахана мостагI чувогIур волу дозанаш лардар ду, бусалба эскарна мостагI тIелетан волу яккъаш дIакъовлар ду, бусалба нахана кхераме долу даккъаш дIацахецар ду. ТIом болочу хенахь эскарна тIехь ду - цуьнан тIалам сов хилар, цуьнах ларлуш хилар, бусалба нахана зен дан, я царна тIехьахула тIелатан тарлуш йолу ерриге меттигаш а, херонаш а дIакъовларна тIехь сутара хилар.

ХIокху лазамечу хиламах бусалба нах ца кхетначу хенахь, уьш оцу балхана инкарло йолуш хиллачу хенахь - йиначу чевнашна, хиллачу байъаршна, цара элира: «ХIунда хилла вайна хIара? ХIунда доьжна вайна хIара?». Царна юккъехь АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волуш, царна юккъехь пайхамарел тIаьхьа АллахIа къастийна болу цуьнан лаьш а болуш. Лекхачу АллахIа доссийна тIаккха:

{ أَوَلَمَّا أَصَابَتْكُمْ مُصِيبَةٌ قَدْ أَصَبْتُمْ مِثْلَيْهَا }

«Шуьга бохам (Ухьуд тIамехь эшам) беанчу хенахь, аша царна (Бадр тIамехь) шозза сов бохам биначул тIаьхьа…»

(Вуьшта аьлча: Бадр дийнахь керстанех кхузткъе итт вийна цара, кхузткъе итт йийсар а валийна цара, керстанашна юккъехь дуккха а чевнаш йина)

{ قُلْتُمْ أَنَّى هَذَا }

«аша элира: «Мичара хили хIара?»»

(вуьшта аьлча: инкарло йина цара оцу хиллачунна, ца дезаделла царна и, цецбевлла уьш цуьнах: «Мичхьара хили вайна хIара эшам?» бохуш, «ХIун бахьанехь хили хIара?» бохуш).

АллахIа аьлла цаьрга, хиллачуьнан бахьанех уьш кхетош:

{ قُلْ هُوَ مِنْ عِنْدِ أَنْفُسِكُمْ }

«Ахь ала (хIай Мухьаммад): «Шуьгара шайггара ду и»».

ХIокхо гойту: эскарах цхьаберш Iеса хилар а, эскарах цхьаболчара толаман бахьанаш лардар дитар а - массарна а бала хилар, массарна а бохам хилар. Цхьаберш Iеса хилар бахьанехь массаьрга а бохам беъна цаьрга. Цуьнах терра ду шуна нехан хьал а: царна хьарамлонаш гича, уьш яржа а яьржича, бусалбанаша уьш дIа ца дахахь, нисдан бахьанаш а ца леладахь - Iазап массаьрга а кхочур ду, массаьрга а цхьабосса буссур бу бала.

Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

// إن الناس إذا رأوا المنكر فلم يغيروه أوشك أن يعمهم الله بعقابه // أخرجه الإمام أحمد رحمه الله بإسناد صحيح عن الصديق رضي الله عنه

«Нахана вониг гича, цара и дIа ца даккхахь, Шен Iазап цаьрга массаьрга а кхачо герга ду АллахIа».

Имам Ахьмада (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) дийцина и, нийсачу иснадаца, Сиддикъера (АллахI реза хуьлда цунна).

Цуьнах луъш дерг - умматана тIехь ваджиб хилар ду: вовшашка диканиг де алар а, вовшашка вониг ма де алар а, диканна тIехь а, Делах кхерарна тIехь а вовшашна гIодар а, оцу дерригенехь а цIеначу даггара хилар а.

ХIора шахьарахь а, хIора юьртахь а, хIора тайпанна юккъехь а тIехь ду: вовшашна хьехар дар а, вовшашка бакъонца весет дар а, оцу тIехь собаре хиларца весет дар а, вовшашна нийса а, дика а долчу гIуллакхашна тIехь гIодар а, диканиг де алар а, вониг ма де алар а - шайн къинош а, вон гIуллакхаш а, Iесаллаш а бахьанехь шайга бохам ца кхачийтархьамма.

Дала боху:

{ وَالْعَصْرِ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَفِي خَسِرإِلا الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ وَتَوَاصَوْا بِالْحَقِّ وَتَوَاصَوْا بِالصَّبْرِ } سورة العصر.

«Аса дуй буу заманах-хенах. Боккъалаъ, адам эшамехь ду. Делах тешнарш а, дика Iамалш йинарш а, вовшашка бакъдолчуьнца весеташ динарш а, собаре хиларца весеташ динарш а боцурш» («Iаср» сурат).

ХIорш бу и сане болу мах бинарш. Уьш бу и Дала шайна гIо дийр дерш, шайна толам лун берш. Цундела йиш йоцуш ду хIара диъ куц хIорангахь а хиланза: цIеначу даггара долу Делах тешар а, дика Iамалш яр а, бакъонца вовшашка весет дар а, ЖихIадехь а, иштта кхийолчу меттигашкахь а собаре хиларца вовшашка весет дар а.

ГIаланашкахь а, ярташкахь а, тайпанашкахь а, юкъараллехь а йиш йоцуш ду хIара диъ куц хиланза.

Милла а велахь АллахIана гIодар лиъна верг, шен динан цIаналла а, хаза чаккхе а езнарг - кхоьрийла иза АллахIах, собаре а хуьлийла иза АллахIана муьтIахь хиларна тIехь, лар а лойла иза АллахIан хьарамлонех, миччахьа ша велахь а. ХIара ду и АллахIа цунна гIо дийр долу бахьана, и ду и дуьненахь а, эхартахь а иза кIелхьара вера волу бахьана.

Стагана тIехь ваджиб ду: шен цIахь а, маьждигехь а, новкъахь а, машенахь а, кеманахь а, цIерапоштана тIехь а, туьканахь а, йохка-эцарехь а, ЖихIадехь а, массо меттахь а АллахIах кхерар а, АллахIан динна гIодар а - шен дашца а, шен Iамалшца а, шен ЖихIадехь а, шен дерригечу гIуллакхашкахь а.

Иштта зудчунна а ду тIехь, шен цIахь елахь а, миччанхьа елахь а: АллахIах кхерар, АллахIан динна гIодар - шен дашца а, шен Iамалшца а. Шен ницкъ кхачаре хьаьжжина, АллахIан (Лекха ву И) дашна тIетевжина:

{فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ } سورة التغابن:16.

«АллахIах кхера, шайн ницкъ ма-кхоччу» («ТагIабун» сурат, 16 аят).

Юха а аьлла Цо:

{ لا يُكَلِّفُ اللَّهُ نَفْسًا إِلا وُسْعَهَا } سورة البقرة: آية 286.

«АллахIа адамна тIе ца дуьллу цуьнан ницкъ кхоччург бен» («Бакъарат» сурат, 286 аят).

Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дашна тIетевжина а:

//ما نهيتكم عنه فاجتنبوه وما أمرتكم به فأتوا منه ما استطعتم فإنما هلك من كان قبلكم بكثرة مسائلهم واختلافهم على أنبيائهم // متفق على صحته.

«Аса шайна дихкиначух ларло. Аса шуьга омра динарг, цуьнах шайн ницкъ кхоччург де. Боккъалаъ, шул хьалха хилларш хIаллак хилла, церан хаттарш дукха хиларна а, цара шайн пайхамараша аьлларг цадарна а».

Барт хилла цIена хьадис ду хIара.

Зуда хилар декхар ду: дика лууш а, цIенчу даггара а - шен майрачуьнца а, берашца а, хIусамехь а, гергарачаьрца а, лулахошца а, хьешашца а, накъосташца а. Оцуьнах шена АллахIера ял хиларе са а туьйсуш, Делан лаьшна цуьнца пайда баре дог а дохуш.

ХIора стагана тIехь ду: АллахIах кхерар, Цуьнан динна гIодар - шен дашца а, Iамалца а. Цунна тIехь ду: дикане кхойкхуш хилар а, вониг ма де олуш хилар а - цIенчу даггара а, цIенчу негатца а. Делера дикане сатуьйсуш а, Цуьнан Iазапах кхоьруш а, АллахIа ма-аллара, «Анбийаъ» цIе йолчу суратехь, Шен дикачу лайн хьокъехь:

{ إِنَّهُمْ كَانُوا يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَيَدْعُونَنَا رَغَبًا وَرَهَبًا وَكَانُوا لَنَا خَاشِعِينَ } سورة الأنبياء:90.

«Боккъалаъ, диканаш дан сихо йора цара, тхоьга кхайкха а кхойкхура цара, сатуьйсуш а (Тхан къинхетаме), кхоьруш а (Тхан Iазапах), муьтIахь а бара уьш тхуна» («Анбийаъ» сурат, 90 аят).

«Муъминун» суратехь а аьлла Цо:

{ إِنَّ الَّذِينَ هُمْ مِنْ خَشْيَةِ رَبِّهِمْ مُشْفِقُونَ وَالَّذِينَ هُمْ بِآيَاتِ رَبِّهِمْ يُؤْمِنُونَ وَالَّذِينَ هُمْ بِرَبِّهِمْ لا يُشْرِكُونَ وَالَّذِينَ يُؤْتُونَ مَا آتَوْا وَقُلُوبُهُمْ وَجِلَةٌ أَنَّهُمْ إِلَى رَبِّهِمْ رَاجِعُونَ أُولَئِكَ يُسَارِعُونَ فِي الْخَيْرَاتِ وَهُمْ لَهَا سَابِقُونَ } سورة المؤمنون:57-61.

«Боккъалаъ, шайн Делах кхерарна бегош берш а, шайн Делан Iаламатех тешаш берш а, шайн Делаца накъост ца веш берш а, сагIа дIаса луш берш а, кхоьруш дегнаш а долуш, шайн Деле берза а безарна, - уьш берриге а диканаш дан сихо еш бу, оцу тIехь кхечарал хьалхе яьккхинарш а бу» («Муъминун» сурат, 57-61 аяташ).

ХIорш ду и толаманан бахьанаш, хIорш ду и АллахIа Шен лаьш моссо вочух Iалаш беш долу бахьанаш, хIорш ду Цо царна гIо дийр долу бахьанаш. Уггаре даккхийра а, коьрта а бахьанаш ду уьш - ялсамане кхача а, жоьжагIатах хьалха бовла а. Оцу дерригенна а тIе, лелонза йиш йоцуш ду динан а, дуьненан а бахьанаш, шаьш толаман бахьанех дуйла вайна хууш долу, Дала боху дела:

{ وَإِذَا كُنْتَ فِيهِمْ فَأَقَمْتَ لَهُمُ الصَّلاةَ فَلْتَقُمْ طَائِفَةٌ مِنْهُمْ مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا أَسْلِحَتَهُمْ فَإِذَا سَجَدُوا فَلْيَكُونُوا مِنْ وَرَائِكُمْ وَلْتَأْتِ طَائِفَةٌ أُخْرَى لَمْ يُصَلُّوا فَلْيُصَلُّوا مَعَكَ وَلْيَأْخُذُوا حِذْرَهُمْ وَأَسْلِحَتَهُمْ وَدَّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ تَغْفُلُونَ عَنْ أَسْلِحَتِكُمْ وَأَمْتِعَتِكُمْ فَيَمِيلُونَ عَلَيْكُمْ مَيْلَةً وَاحِدَةً وَلا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِنْ كَانَ بِكُمْ أَذًى مِنْ مَطَرٍ أَوْ كُنْتُمْ مَرْضَى أَنْ تَضَعُوا أَسْلِحَتَكُمْ وَخُذُوا حِذْرَكُمْ } سورة النساء:102.

«Хьо (пайхамар) царна юккъехь волуш, ахьа цаьрца ламаз деш хилча, царех цхьа тоба хьоьца дIахIуттийла, шайн герз карахь а хуьлийла церан. Цара сужуд дича, тIаккха шуна тIехьа а хуьлийла уьш. Ламаз данза йолу важа тоба схьайогIийла тIаккха, цара ламаз дойла хьоьца цхьаьна ларлуш, герз карахь а хуьлийла уьш. Делах цатешначарна лаьа, шайн герзе а, хIумане а шу сема ца хуьлийла, тешшийтина цкъа шуна тIелетархьамма. Бехке лорур дац шу, аша шайн герз охьадиллахь - догIа бахьанехь аьтто ца хиларна, я шу цомгаш делахь. Амма ларлуш хилар тIехь ду шуна. Боккъалаъ, гаурашна кечдина АллахIа сийсаз бен Iазап» («Нисаъ» сурат, 102 аят).

Сийлахь волчо боху:

{ وَأَعِدُّوا لَهُمْ مَا اسْتَطَعْتُمْ مِنْ قُوَّةٍ } سورة الأنفال:60.

«Шайн таро мел ю ницкъ кечбе царна дуьхьал баккха» («Анфал» сурат, 60 аят).

Лекха волчо боху:

{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا خُذُوا حِذْرَكُمْ } سورة النساء:71.

«ХIай Делах тешнарш! Ларлуш хила» («Нисаъ» сурат, 71 аят).

Бусалба нахана тIехь декхар ду: шайн мостагIчух ларлуш хилар, къаьсттина тIеман заманахь тидаме хилар. Шайн ницкъ мел бу царна дуьхьал ницкъ кечбар. Герз а, эскаран дуккхалла а, дика хехой а, дозанаш а бIаьраIуналле эцар. ТIебогIу некъаш а, даккъаш а тидамца къевллина лардеш латтор, оьшучу хенахь герз карахь латтор, ламазехь белахь а.

МуджахIидо ала мегар дац: «Со бусалба ву, и суна тоам бу» аьлла. ХIунда аьлча, дог-ойла айъаран кечам а, герзаца болу кечам а бу хиланза йиш йоцуш.

Делан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муъма нахах уггаре а везаниг ву, кхоччуш болх Далла тIе биллинарг ву. Ткъа асхьабаш бу пайхамарел а тIаьхьа уггаре сийлахь а, дика а берш. И иштта доллушехь а, Ухьуд дийнахь бохам кхаьчна цаьрга, эшам кхаьчна цаьрга, эшна уьш - Iедаш тухучара лардан хьакъ долу шайна тIера деккхар тесна ма диттина, цигахь совца аьлла, шайга омра дина йолу меттиг цара дIа ма хеццанехь.

Ткъа къинош - Дала гIо данза буьтучу бахьанех ду, Цо шен лаьш тесна буьтучу бахьанех ду, Iедаш тухуш берш Iеса хилар Ухьуд дийнахь эшарна бахьана хилла хIоьттина ма хиллара.

Иштта ю и ерриге а Iесаллаш, муьлхха а заманахь эшаман бахьанаш хуьлий хIуьттуш. Уьш яьржинчу хенахь, цхьамма а царна инкарло а ца яхь, эшамна а, мостагI тIетасарна а бахьана хуьлий хIуьтту уьш, дуккха а бохамаш бохьу цара. Иштта дог дакъош а, дохош а бахьана хуьлий хIуьтту уьш. АллахIа Iалашдойла вай царех.

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

{وَمَا أَصَابَكُمْ مِنْ مُصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ } سورة الشورى:30.

«Шуьга боьссина бала, ткъа шун куьйгаша динарг бахьанехь боьссина бу, дукханна а гечдо Цо» («Шура» сурат, 30 аят).

АллахIа (Леккха ву И) аьлла

{ أَلَمْ يَأْنِ لِلَّذِينَ آمَنُوا أَنْ تَخْشَعَ قُلُوبُهُمْ لِذِكْرِ اللَّهِ وَمَا نَزَلَ مِنَ الْحَقِّ وَلا يَكُونُوا كَالَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلُ فَطَالَ عَلَيْهِمُ الْأَمَدُ فَقَسَتْ قُلُوبُهُمْ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ } سورة الحديد:16.

«Хан ца кхаьчна-те Делах тешначийн дегнаш муьтIахь хила (хьаста дала, кхера дала), АллахI хьахочу хенахь а, бакъ долуш доссийнарг хьахош а, дIа ца тарбала а хьалха шайга жайна деллачарех, ехха хан дIаяхарца шайн дегнаш дакъаделла болу, царех дукхах берш фасикъаш хилла болу а?» («Хьадид» сурат, 16 аят).

Iесалла яьржича - массарна а бохаме йолу, массарна а зене йолу, нагахь цунна инкарло а ца яхь, и дIа а ца яккхахь.

Муъма нах шайга омра дина бу - АллахIах кхера а кхера, АллахIан мостагIашна дуьхьал ЖихIад а де аьлла. АллахIах кхоьруш: собаре хиларна тIехь а, дика гIуллакхаш дарна тIехь а, миччанхьа уьш белахь а. АллахIа шайна гIо дийриг хиларх тешна а болуш, Цо шайн мостагIашна тIехь толам лург хиларх дог тешна а болуш, шайн хьал Цо кхерамаллера кхерамазалле хуьйцур дуйла а хууш, догдохарера а, сингаттамера а синтеме хуьйцур дуйла а хууш - цара АллахIан хьакъ кхочушдар харжар бахьана долуш, цара Цуьнан динна гIодар къастор бахьана долуш, диканехь а, АллахIах кхерарехь а вовшашна гIодар бахьана долуш, оцу тIехь уьш даггара леларна а. Нагахь цара цуьнах цхьадерг тесна дитахь, тIаккха хаийла царна - иза шайна боккха кхерам буйла. Шайга цхьа бохам беъча, тIаккха хаийла царна – шаьш-шайгара гIалатло бахьанехь хилла дуйла а.

Сийлахьчу а, Везачу а АллахIа аьлла

{ وَمَا أَصَابَكُمْ مِنْ مُصِيبَةٍ فَبِمَا كَسَبَتْ أَيْدِيكُمْ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ } سورة الشورى:30.

«Шуьга боьссина бала, ткъа шун куьйгаша динарг бахьанехь боьссина бу, дукханна а гечдо Цо» («Шура» сурат, 30 аят).

Юха а боху АллахIа:

{ مَا أَصَابَكَ مِنْ حَسَنَةٍ فَمِنَ اللَّهِ وَمَا أَصَابَكَ مِنْ سَيِّئَةٍ فَمِنْ نَفْسِكَ } سورة النساء:79.

«Муьлхха а дика, хьуна хуьлуш долу, - АллахIера ду хьуна. Ткъа муьлхха а вон, хьуна хуьлуш долу, - хьоьгара хьайггара ду хьуна» («Нисаъ» сурат, 79 аят).

Сийлахь волу АллахI ву «Али Iимран» цIе йолчу суратехь аьлларг, керста нехан хIилла а, мекарло а йийциначул тIаьхьа:

{ وَإِنْ تَصْبِرُوا وَتَتَّقُوا لا يَضُرُّكُمْ كَيْدُهُمْ شَيْئًا إِنَّ اللَّهَ بِمَا يَعْمَلُونَ مُحِيطٌ } سورة آل عمران:120.

«Нагахь шу собаре а хилахь, Делах а кхерахь, церан хIуьмалгаша (хIилланаша, мекарлонаша) шуна дан цхьа а зен дац шуна. Боккъалаъ, АллахI хууш ву цара лелориг» («Али Iимран» сурат, аят 120).

И ву Ша аьлларг «Нур» суратехь:

{ وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُمْ فِي الْأَرْضِ كَمَا اسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَى لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُمْ مِنْ بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا يَعْبُدُونَنِي لا يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا } سورة النور:55.

«АллахIа ваIда йина, шеко а йоцуш, шух иман диллина, дика Iамалш йиначарна, лаьтта тIехь царех сардалш (дай) бан, царел хьалха хиллачех сардалш (дай) ма-барра. Шеко а йоцуш, шайн дин лело аьтто лур бу Цо царна, Ша цара и лелорна реза хилла долу, цаьргара кхерам кхерамзалле а хуьйцур бу. Суна Iибадат до цара, Соьца цхьа накъостий а ца нисбо цара» («Нур» сурат, 55).

«Мухьаммад» суратехь боху АллахIа:

{ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِنْ تَنْصُرُوا اللَّهَ يَنْصُرْكُمْ وَيُثَبِّتْ أَقْدَامَكُمْ } سورة محمد:7.

«ХIай Делах тешнарш! Нагахь аша АллахIана гIо дахь, Цо шуна а дийр ду гIо, шун когаш а чIагIдийр ду» («Мухьаммад» сурат, 7 аят).

Уггаре воккхаха волу мостагI - шайтIа ду. Адамийн мостагIех уггаре воккха мостагI ву иза, адаман цIий лелачухула лела иза. Цундела тIехь ду хьуна цуьнца ЖихIад дар - АллахIах кхерарца а, Цунна Iеса хилар дитарца а, шайтIанан мекарлонех ларваларца а, цо дага туьйсучу вон ойланех ларваларца а, АллахIе цуьнах ларвар дехар алсам даккхарца а, дуккха а диканаш а деш, вонех а ларлуш, ерриге хенашкахь а. ХIара бен бац цуьнан вонах маьрша висаре кхачош болу некъ а, цуьнан хIилланех хьалха валаре вуьгуш болу некъ а, оцу тIе АллахIера кхетамца а, Цуьнгара гIоьнца а. Цуьнца цхьаьна йиш йоцуш ду: ша-шен дегIаца ЖихIад дар а - АллахI хьехор алсам даккхарца а, Цуьнан динна тIехь нисваларца а, Цуьнан дозанаш лардарца а, ерриге заманашкахь а, меттигашахь а АллахIан мостагIех ларваларца а.

АллахIа (ЦIена ву И) боху:

{ وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مَخْرَجًا وَيَرْزُقْهُ مِنْ حَيْثُ لا يَحْتَسِبُ } سورة الطلاق:2-3.

«АллахIах кхийриначунна - халачу хьелера вала аьтто ло, рицкъа а ло Цо цунна, цунна цамоьттучера» («ТIалакъ» сурат, 2-3 аяташ).

АллахIа (Лекха ву И) боху:

{ وَمَنْ يَتَّقِ اللَّهَ يَجْعَلْ لَهُ مِنْ أَمْرِهِ يُسْرًا } سورة الطلاق:4.

«АллахIах кхийриначунна - гIуллакхаш дай (атта) до Цо» («ТIалакъ» сурат, 4 аят).

АллахIа, Лекха а, Сийлахь а волчу, боху:

{ إِنَّ الشَّيْطَانَ لَكُمْ عَدُوٌّ فَاتَّخِذُوهُ عَدُوًّا إِنَّمَا يَدْعُو حِزْبَهُ لِيَكُونُوا مِنْ أَصْحَابِ السَّعِيرِ } سورة فاطر:6.

«Боккъалаъ, шун мостагI ду шайтIа, мостагIчуьнца санна хила цуьнца. Шен тоба кхойкхуш ду и, цIергахь хинболучарех уьш хилийта» («ФатIир» сурат, 6 аят).

АллахIа (ЦIена ву И) паччахьан зудчуьнан хьокъехь боху:

{ وَمَا أُبَرِّئُ نَفْسِي إِنَّ النَّفْسَ لَأَمَّارَةٌ بِالسُّوءِ إِلا مَا رَحِمَ رَبِّي إِنَّ رَبِّي غَفُورٌ رَحِيمٌ } سورة يوسف:53.

«Со-о бехказа ваккха гIертац со, вониг хьоьху сино, нагахь сан Далла цуьнах шен къинхетам ца бахь. Боккъалаъ, сан Дела – гечдеш, къинхетам беш ву» («Юсуф» сурат, 53 аят).

АллахIа, Веза а, Сийлахь а волчу, боху «НазиIат» суратехь:

{ وَأَمَّا مَنْ خَافَ مَقَامَ رَبِّهِ وَنَهَى النَّفْسَ عَنِ الْهَوَى فَإِنَّ الْجَنَّةَ هِيَ الْمَأْوَى } سورة النازعات:40-41.

«Шен Далла хьалха хIотта везарах кхийриначунна, харцахьарачу дезарех (дуьненан марзонех) ша вуха а тоьхначунна - воьрзу меттаг ялсамани хир ю» («НазиIат» сурат, 40-41 аяташ).

ХIорш ду и толаман бахьанаш, хIорш ду и мостагIех хьалха воккхуш долу бахьанаш, хIорш ду и жинех а, адамех а болчу мостагIийн мекарлонех хьалха воккхуш долу бахьанаш, иштта царех уллорачарех а, генарачарех. Уьш ду и царна массарна а тIехь толам луш долу бахьанаш, церан хIилланех хьалха вала бахьанаш а. И бахьанаш: АллахIах кхерар ду хьуна дерриге а хьелашкахь, Цуьнан динна тIехь ларвалар ду хьуна, Цунна Iеса хиларх ларвалар ду хьуна, миччанхьа хьо велахь а - ЖихIадехь а, кхечанхьа а. ХIорш ду хьуна и АллахIа хьо ларвийр волу бахьанаш, хьан мостагIашна тIехь Цо хьуна гIо дийр долу бахьанаш, хьан мостагI сийсаз вийр волу бахьанаш.

ХIокху белхаш тIехь, хIара бахьанаш лардарна тIехь муъма наха ледарло йича, - ма-дарра аьлча, шайн мостагI чIагIван къахьоьгаш хуьлуш бу уьш, шайна тIехь царна толам бала. Вуьшта аьлча: эскаран Iеса хилар - царна тIехь толам баккха гIо ду церан мостагIчунна хуьлуш, Ухьун гIазотехь ма-хиллара.

Берриге а муъма нахана тIехь ду, муьлхха а меттехь уьш белахь а: АллахIах кхерар, Цуьнан динна гIодар а, Цуьнан ШарIа лардар а, шайн догIмашкахь долчу И оьгIаз вохуьйтучу дерригенах ларбалар а, шайн куьйга кIел берш ларбар а, шайн юкъараллин хьокъехь ларбалар а, хIорамма шен ницкъ кхачаре хьаьжжина. АллахIа (ЦIена ву И) ма-аллара:

{ فَاتَّقُوا اللَّهَ مَا اسْتَطَعْتُمْ } سورة التغابن:16.

«АллахIах кхера, шайн таро йоллучул» («ТагIабун» сурат, 16 аят).

Везачу а, Сийлахьчу а АллахIе доьху вай: суна а, шуна а - берриге а бусалбанашна Ша реза верг дан аьтто бар, вайн дегнаш а, Iамалш а тояр, ваьш нисделла а, кхинаш нисбечарех а вай дар, вайн берриге мостагIех вайн догIмаш лардан гIодар, Ша хьехон а, Шена шукар дан а, Шена хаза Iибадат дан а гIодар.

Берриге а бусалба нехан куьйгалхошна кхетам балар, Ша реза верг дан а, церан мостагIашна тIехь царна гIо хиндерг дан аьтто бар. Цаьргахула бакъонна гIодар а, цаьргахула телхинарг сийсаз дар а, Шех кхераран буха тIехь церан дош цхьаъ дар а.

Дерриге а бусалба къаьмнаш а, церан куьйгалхой а тобар, нисбар, бусалба нехан куьйгалхошна дерриге диканан неIарш дIаеллар, Ша реза волу дерриге а дан царна гIодар.

АллахIа Шен къинхетам а, маршо йойла вайн пайхамарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан асхьабех, Цуьнан некъа тIехь къематде хIотталц дIа мел ваханачух.

Хьехам хIоттийнарг: ибн Баз

Гочбинарг: Турпалан кIант Фарукъ
Ответить

Вернуться в «Статьи»